ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн кеманаша 55-зза тохарш дина Шемахь


ПIераскан сарахь, шоьтан буса 66-зза Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш гIевттина Шемарчу шайн куьпара. Тохарш дина цара 55-зза. И хаам баржийна Кремлан тIеман векалто. Цо бахарехь, хьалхачул тохарш совдаьхна, кеманаша-иччархоша талламаш барца аьтто а бина. Кремло чIагIдо, ша дараш дийриг еккъа цхьа «Исламан пачхьалкх» тобанаш бен яц бохуш.

Амма Шемарчу бакъоларъярхоша тоьшалла до, оьрсийн кеманаша ракеташ, бомбанаш еттачу меттигашкахь кIезиг бу, я банне а бац жихIадхой, бохуш. Экстремизмана дуьхьал бац Оьрсийчоьно шеггара болийна тIом, Шемин диктаторна Асад Башарна новкъарло ечарна дуьхьал бу, боху Шемарчу оппозицино а, Малхбузерчу тергамхоша а.

Бакъоларъяран Human Rights Watch юкъаралло дийцарехь, Шемахь ХIомс гIалина гонаха кеманаша йиттинчу ракеташа вийна пIераскана лаххара а 17 стаг. Хьал талларе кхойкху дуьне бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG