ТIекхочийла долу линкаш

Тоьшаллаш доцуш бехкаш хьерчадо Талламан комитето


Талламан Комитет ма-хуьллу маьттаза васт даржош хьийза Украинан националистийн партин декъашхошна, Нохчийчохь тIемаш бина аьлла, цига кхеле кхачийначу Карпюк Николайн а, Клых Станиславан а, аьлла хета бакъоларъяран «Мемориал» центрна.

«Цушимма нагахь санна Нохчийчохь тIом бинехь а, царна тIехьерчайо эпизодаш инзавоккхуш, хуьлийла а дуй-те аьлла хоьтуьйтуш ю, боху «Мемориало». «Ши стаг цара бехкевар доцург, цхьа а тоьшаллаш а дац далош талламчаша, цул совнаха зуламаш дина боху хан-зама а кхачийна тоххара» - дIахьедина центро.

XS
SM
MD
LG