ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттан буьххьера юьхьIаьржонаш


Кеста-кеста олуш хеза вайлахь «Суна ца хаьа нохчийн мотт» «Оха ишколехь ца Iамийна», «Стенна оьшу иза?», «ГIазакхийн мотт шера хаьа суна».

ХIунда ца хаьа хьуна хьайн мотт? Нохчийн да-нана дац хьан? Нохчийн махкахь дуьненчу даьккхинчу адамна хIунда ца хаьа, ца беза шен ненан мотт?

Суьйре ю цхьа тайна дерриг дицделла.

ИоI тийна кIант ларвеш, паркерачу гIантахь.

Эххар схьахеза: - Приветик, Лена,

Дукха хан юй ахь ждать до?

Прости хьайн тарлахь"

- Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу,

Примерно, цхьа ши сахьт время ю.

А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш,

Это не в первый раз, хьо-м иштта ву…

«Вайн заманан нохчийн мотт» цIе ю вай ладоьгIначу байтан. 90-чу шерашкахь язйина хьумарша, вайн дикачу поэтессас Гайтукаева Банас.

Кхин а хьалха, 70-чу шерашкахь язйира Арсанукаев Шайхис шен «Ненан мотт», цкъа а ширлур йоцу байт:

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ»,

Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь…

Цул тIаьхьа дукха шераш дIаихинехь а, кхин герга а ца баьхкина нохчийн шайн маттана, мелхо а, иэшна, кхин а чолхе, сингаттаме ду хьал.

Дог а, лерг а кхаьрда, беламе ву гIазкхийн мотт бийца а ца хууш, ткъа и ша ца бийцича ца волу аьлла а хеташ, меттан поппар кегош хуьлу пекъар.

Хийла хеза хьуна воьдуш-вог1уш, кегийчара хьовха, къанбеллачара а тIехь а вовшашка «Привет! Как дела? Чё даешь?» олий, маршалла хоттуш.

Iилманчаша, меттан говзанчаша билгалдаьккхина бакъдерг ду, уггаре боккха эшам нохчийн маттана хIусамера ага арадаьккхича хуьлуш хилар. Ойла йича, иштта дан а ду иза. ХIунда аьлча, нанас аганан мукъамца марзбо шен берана мотт.

Ткъа ага-м Соьлж-ГIалахь наггахьчу хIусамехь бен гур дац тахана, ур-атталла ярташкарчу цхьаболчу къонача наношна а хета ага боданечу дахаран тIаьхьало.

Цара ца йо ойла, оцу берийн кхетамна шаьш бийриг боккха эшам буйла, зулам дуйла.

Хан-зама яьлча, кхаьрдар ма ю, ва хьомсара да, ва мерза нана, аш шаьш кхоьллинчу адамна тIехь йитина хьу!

Хьо мел оьзда, гIиллакхе хиларх а, хьайн ненан мотт хууш хьо вацахь, мел беркъа ву хьо гойту хIокху масалша.

XS
SM
MD
LG