ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран кхело бехказваьккхина Мубаракан ши кIант


Мисаран суьдо бехказваьккхина цу мехкан президент хиллачу Мубарак Хьоснин ши кIант Iалаа а, Гамал а. Царшинна бехке диллинарг дара ахчанца бозбунчаллаш лелор. КъахIиран бехк-такхаман кхело бинчу сацамца, цу шина стага талламан изоляторехь яьккхина хан алсам ю царшинна бехке веш тоьхначул а.

Мубаракан ши къант дIалецира Iедалша цунна тIаьххье 2011-чу шарахь махкахь махкахь Iедалан карчам хилча. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь царна кхоккха шо туьйхира. Мубарак президентан даржера вохийча цуьнан бераша харц бахам гулбина бохуш реза боцуш бара цу махкара бахархой.

Амма суьдана тоьшаллаш цакарийра цуьнан шина кIанта коррупци лелийна хиларан. Амма стохка и шиъ чувоьллира хIоранна диъ шо хан а тоьхна мехкан хазнара миллионашкахь долларш лечкъийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG