ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно карзахдаьккхина Шемара хьал


«Исламан пачхьалкх» олучу тобанна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино террорахойн ю аьлла цIе тоьхначу кхечу тобанашна а, ткъа иштта оппозицин ницкъашна а Оьрсийчоьно тохарш дар сихха сацо деза аьлла, дIахьедар дина Евробертана юкъайогIучу 28 пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрша.

Цара Оршот дийнахь тIеэцначу документана тIехь дуьйцуш ду, тIеман хьал марсадаккхаро ях йо цигара конфликт, йоха йо политикан процесс, вочу доккху гуманитаран хьал, карзах доккху адам бохучух лаьцна.

Цул сов, Евробертан министршна хетарехь, Асад Башар Шеман президентан даржехь а волуш цу махкахь хуьлийла дац машар. Хьалхо НАТО-н инарлан секретаро Столтенберг Йенса дIахьедар динера, Димашкерчу Iедалшна тIе а хIоьттина Оьрсийчоьно марсайоккхуш ю Шемара кризис аьлла.

XS
SM
MD
LG