ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туберкулез - къизаллин битам


Европерчу пачхьалкхаша шайн къаьмнашлахь янне а йоцчу кхаьчна боху пехийн цамгарш. Амма Оьрсийчуьрчу мехкийн куьгалхоша, тIаьхьий-хьалхий, хаамаш баржабо шаьш долучохь яьржаш ю туберкулез, кхидолу пехийн лазарш бохуш.

Низамца аьттехьа а йозуш йоцу лела харцонащ, къизалла, царна дуьхьал латта бакъо йоцуш гонах хьийза адвокаташ, бакъоларъярхой хиларал совнаха, ерриг пачхьалкхна а кхерамениг ду, оцу набахтешкахь яьржина лелаш а, мукъабуьйлучу тутмакхаша эзарнаш нахана дIалуш а пехийн цамгарш хилар, шайх уггаре а кхерамениг туберкулез а йолуш.

Пехийн лазар чIиркъе, цхьанне кепара къхинхетам боцуш лазар ду. Сенсаци яц и цамгар Оьрсийчохь яржаран эпицентр набахтешкахь хилар.

Официалан статистико а чIагIдо, таханлерачу дийнахь набахтешкара 84 эзар тутмакх пехийн лазаршца ву, царех доккхачу декъанна кегийнах а болуш.

Къайле яц набхтешкара хьелаш ледара, аьллча а, данне а ца хиларца, кхача ледара хиларца, тIехъюьзна юькъа набахтеш хиларца дозар, пехийн лазарш даржаран коьрта бахьанаш.

Зорбанан хьостанаша дуьйцу, Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу набахтешкахь тутмакхаша шайн ма-хуьллу къийсамаш латтабо шайца лелочу къизаллашца, масала, шо хьалха Нальчикехь мацалла кхайкхийра тутмакхаша, цара доьхург кIеззиг хIума дара, пехийн лазарш долчу наха лелон кад-Iайг шайнчух дIакъастабар.

Амма нисделла хIуммаъ дац. Набахтин хьаькамаша бакъ ца дира, я тидаме ца ийцира церан дехар- мегачух тера дац набахтин хьаькамашна боьхачу Iайгех цIена Iайг дIакъастийна а тутмакхашна хьалха «къурд» ала.

Ала деза, бехк набахтийн Iедалан хилла а ца Iа, цхьа а набахте яц меттигерчу кхело, прокуроратурано бакъ ца еш, царна и харцонаш мага ца еш.

Массо а адамийн бакъонийн декларацитIехь яздина ду: «Вай сацон еза туберкулез. Со бехке велахь, таIзар де суна доггIучу барамехь, амма ма ве со цомгуш пехийн лазарца».

Оьрсийчохь дуьненаюкъара бакъонаш лелаш ца хиларе терра, чоьте а ца оьцу адаман дахар, цуьнан лаамаш, хьежамаш.

Гарехь, ца йо ойла, пехийн лазарш даржаран кхерам беккъа оцу хьийзочу нахана хилла ца Ιаш, ерриеге а пачхьалкхана кхераме хилар.

Сих-сиха Оьрсийчуьрчу набахтешкара нохчашкара аьрзнаш кхочу Маршо Радиога, шайна тIехь лело харцонаш юьйцуш, дукха хьолахь бу царлахь селханлера тIемалой.

Царех цхьаберш шайна тоьхна хенаш текхна бевлла, амма алсам бу бухабисинарш а.

Бахьана долуш а, доцуш а набахтешка хьийсийначех ву тахана Европехь веха Ваутерс Артур.

Итт шо текхна цо Оьрсийчоьнан лагершкахь. Текхна деккъа дIа даймехкан тIаме хIоттарна, нохчаллах вуьззина ша хиларна.

Маршо Радионе дийцира цо набахтера хьал, шена уллера девзаш хиларе терра.

Ваутерс: «ХIун ду хьуна аьлча, шаьш хан тоьхча а ца вуьтуш стаг, бехк белахь а, бацахь а, дIавуьгу иза, масала, Карели, Томск, бусулба ма кхачавойла оцу набахтешка, къаьсттина нах хьизорца гIараевлла меттигаш ю уьш.

Хан тоьхча а ца вуьту-кх цара. И хан текхна ваьлча хьо дийна ара вера ву ала а дац хьуна. Могуш стаг, вахьа а хьой, пехийн лазарш долчу нахана юккъе чувуллу, ах шо а далале, цIий Iеттош, туберкулез лазар кхета цуьнах»

Лоьраша шаьш а олу, инзаре хетахь а, дукха хьолахь пехийн лазаршна дарба лело атта ду набахтешкарчу тутмакхашна.

ХIунда аьлча, набахтехь даим лоьрийн тергонехь уьш хиларна, шен-шен рожехь молха малийта, маха тоха, оьшшу дарба шен хеннахь цомгашчунна кхачо аьтто хиларна.

ХIетте а Оьрсийчоьнан набахтешкахь пехийн лазарх хьалхабовлурш кIеззиг бу, цамгар хьакхаяланза вац наггахь а.

Дуккхаъчу тутмакхаша бечу хаамашца, набахтешкахь уггар луьра карцерчохь лан деза таIзар, дукха хьолахь, шелонца ду.

Цкъа делахь, шелонах вуола йиш яц, шолгIа делахь, шелонца ницкъ бина шена аьлла дина арз талла йиш йоцуш а ду, хIунда аьлча, шелоно бинчу ницкъо юьхьанца лар ца юьту дегIатIехь я могашаллица а.

Нальчикерчу СИЗО-хь оцу къизаллина карцерш ю латтош, хин биргIанаш ю набхтин чоьнашчухула леррина чекхъяхна, уьш даима тIуьна латтийта.

Набахтехь лелачу низамашца, карцерчу вуллучу тутмакхера дIайоху йовха бедарш, орца даьккхича, гIо доьхуш веанчо ца хезаш санна дуьту цуьнан дехар.

Стенгара йовлу муьлххачу а молханах юлу туберкулезан керла кепаш? Даима а санна, стенна гIовтту и цамгарш къаьсттина Оьрсийчохь? Цунах ца кхеташ кортош къежбо дуьненан фтизиатриян говзанчаша.

Стаг кагвархьама, къарвархьама, гIелвархьама лелайо шен карахь, герз санна, цамгарийн кепаш Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло.

XS
SM
MD
LG