ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров: Путине гIо дехнарг Асад бен вац


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс даре дина, Шеманна гIо дар Кремле цадехна цхьана а пачхьалкхо, веккъа цхьа оцу мехкан президент Асад Башар воцучо, аьлла. И къамел ша деш кхаарийдийнахь Лавровс элира, Кремло тIе бIаьрг хIоттийна тергойо Иракъан а, ОвхIанистанан а, амма Демаьшка бен яц гIо дехнарг. Путин Владимир ладугIуш хир ву кхечара а накъосталла дехаре, бохуш вара Лавров.
Лавровс бахарехь, Оьрсийчоьно Iамеркара тIеман министраллан векалш бехнера Москох Шемара хьал дийцаредан, амма Вашингтон реза ца хилла. Цул сов, премьер-министр Медведев Дмитрий коьртехь а волуш, Вашингтоне Шемара хьал хьахо йохуьйтуш яра Путина делегаци, ткъа иза тIеэца а реза ца хилла Iамеркахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG