ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохца тIеман юкъаметтигаш лелор яц Iамерко


Шемахь шаьш лелориг дакъазалла хилар гайтар ду Путин Владимира цигара хьал дийца Вашингтоне Медведев Димитрий коьртехь волу делегаци хьажо гIортар аьлла, дIахьедар дина КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро. И гIуллакх дIатеттира Iамеркин Iедалша.

Къайн ЦIийнан векло шаьш динарг кхетийра Цхьаьнатоьхна Шататаш дагахь цахиларца, Оьрсийчоьнца тIеман агIор юкъаметтигаш лелон. Москохо лелош дерг пайда бохьуш хила дезаш ду «Исламан пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанца къийсам дIабахьарехь элира цо, Оьрсийчоьно тахана деш дерг цу Iалашонца догIуш цахилар а хоуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG