ТIекхочийла долу линкаш

Асадан эскар тIелетта оппозицин тобанашна


Шемахь ХIомс провинцехь оппозицин тIеман тобанашна тIелетта Асад Башарана муьтIахь долу эскарш. Шеман Iедалан векалш бинчу хаамашца, цу тIеман операцехь дакъалоцуш ду Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш. Британехь туп тоьхна йолчу Шеман адамийн бакъонашкахула йолчу тобано дийцарехь, оьрсийн авиацино ракеташ а, бомбанаш а йиттина Талбисех а, Тейр Малла а олучу гIаланашна гонаха йолчу гIаттамхойн позицешна.

Цара чIагIдарехь, Асадан ницкъашна гIо деш бу Ливанера ХезболлахI олучу тобанан тIемалой. Москох дIахьедарш деш ю шаьш бомбанаш еттарш «Исламан пачхьалкх» тобано дIалаьцна меттигаш ю бохуш. Амма Вашингтоно а, цуьнан бертахоша а бехке еш ю Оьрсийчоь Асад Башарана тIе а хIоьттина, Малхбузено гIо деш йолчу оппозицин тобанашна тохарш дарна.

XS
SM
MD
LG