ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь цхьа а бараме оппозици ца го Оьрсийчоьнна


«Исламан пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанна дуьхьала латта Шемахь цхьааллин тIеман база ян дагахь ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна ПIераскан дийнахь хаам бина «Комсомольская правда» газете Оьрсийчоьнан тIеман инарлан штабан куьйгалхочуьнан когаметта волчу Картаполов Андрейс. Цо дийцарехь, цу базехь дIатардина хир ду хIордан а, хIаваан а, гIашсалтийн а эскарш.

Шемахь тохарш деш Лаьттаюккъерчу хIорда чохь лаьттачу шайн тIеман хIордан кеманех пайда эца а мега шаьш, бохуш вара Картаполов. Оьрсийчоьнна хетарехь, Шемахь а, Иракъехь а болчу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна юкъабогIучу тIемалойн терахь хир ду 40–50 эзар стаг. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнна ца го Шемахь цхьа а барамехь йолу оппозици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG