ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: «Исламан пачхьалкхан" позицешна динчу тохарша дикка жамIаш деана


Терроризмана дуьхьало еш мелла а юкъаметтаигаш тойина шаьш дуьненаюкъара партнерашца аьлла, дIахьедар дина Казахстанехь Советан Пачхьалкх йоьхча кхоьллинчу Йозуш йоцучу Пачхьалкхийн Бертан саммитехь дакъалоцуш волчу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Зорбанан конеференцехь вистхуьлуш, цо элира шаьш уьйраш тесна Сауди Iаьрбийн пачхьалкхаца а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташца а, Урдан-пачхьалкхаца а, Израилца а аьлла.

Цаьрца терроризмаца къийсам дIабахьарх лаьцна хаттарш дийцаре даш ду шаьш бохуш, вара Оьрсийчоьнан президент. Путина кхайкхам бира саммитехь дакъалоцучу пачхаьлкхийн куьгалхошка Оьрсийчоьно а, Шеман-пачхьалкхо а, Иракъо а, ГIажарийчоьно а кхоьллинчу БагIдадерчу хаамийн центрна юкъадуьйла аьлла. Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар дира, Шеман территори тIехь «Исламан пачхьалкх» тобанан позицешна шайн кеманаш динчу тохарша дикка жамIаш деана аьлла.

Офганистанан къилбаседарчу кIошташкахь хьал чолхе даларца доьзна Йозуш йоцучу Пачхьалкхийн Берто белхан тоба кхолла мега шайн арахьара дозанаш лардан, бохуш вара Путин Владимир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG