ТIекхочийла долу линкаш

ДаIишана дуьхьал шуьйра тIеман операци дIаяьхьна Иракъан эскарша


ШиIатийн милицино гIо а деш, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьал шуьйра тIеман операци дIаяьхьна Иракъан Iедалан эскаран дакъоша. И бахьана долуш церан аьтто баьлла шайн караэца Байджи олучу меттехь йолу мехкадаьтта цIандо завод. Иза ю БагIдадана 250 километр.

Иракъан Iедалан векалша бинчу хаамца, тIеман операци дIахьош цара вийна лаххара а 15 «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан декъашхо. Байджи вуно мехала меттиг ю Иракъан ницкъашна, Мосул дIалаьцначу «Исламан пачхьалкхан тобанца къийсам дIабахьарехь. Иракъан эскаран векло бинчу хаамца, цара хIинцале а дIалаьцна цу гIалан 60 процент территори.

XS
SM
MD
LG