ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дийцаре дина Обамас а, Нахайянас


Iамеркин президентана Обама Баракана а, Абу-Дабин кронпринцана Нахайян Заед Мохьаммадана а хетарехь, Оьрсийчоь Исламан пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьалъяла еза, Шемара бараме йолу оппозицин тобанаш Iад а йитина аьлла.

Обамас а, Нахайяна а дийцаре дира Шемара хьал телефонехула ПIераскан сарахь. Iамеркин президентана а, Абу-Дабин кронпринцана а хетарехь, вуно мехала ду цу махкахь политикан сацам бан оьшуш долу хьелаш кхоллар.

ПIераскан дийнахь Шеман Iедалан ницкъаша а, церан бертахоша а, Оьрсийчоьнан тIеман авиацино гIо а деш, тIеллатар дина гIаттамхойн позицешна Алеппо гIалана къилбехьа.

Хаамийн гIирсаша дицйцарехь, Асадан эскаран аьтто баьлла гIаттамхошкара ши юрт схьаяккха. Карарчу хенахь Алеппон доккхах долу дакъа Iуналла деш ду Асадана муьтIахь долчу эскарша.

XS
SM
MD
LG