ТIекхочийла долу линкаш

Коорупци - вайна юкъара долуш доцу сакхт, аьлча а, мискачу нахах хьаьрчина гIуда. Денна бохург санна хеза, эццахь хьаькам балхара вохийна, дIогахь вохийна, куьйгашна цIена вацарна, олий. Кху деношкахь Iедало дов айдина Куьрчалан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочунна дуьхьал.

Iедалан хаамийн гIирсаша хIора а кIирнах бохург санна гIардохуш лаьтташ ду балха тIехь харцонаш лелийначу, куьйгана цIена ца хиллачу хьаькамийн хьокъехь сацам-бакъдерш: цара шайна магийтина хьарамлонаш бахьнехь леца, гIуданаш детташ токхамаш байтар. Цу декъехь масалш дукха ду.

ХIинцца кху деношкахь мехкан прокуратуро бух болуш а лерина, Шелан кIоштан суьде кхачийна Ильясов Русланна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Курчалойн кIоштан 59 шо долу дешаран урхаллин юккъерчу тIегIан и хьаькам бехкевеш ву, шен даржах пайда а оьцуш, харцонна шен боцу йийбар-бахам долабаккха гIортарна.

Суьде кхачийначу бух-тоьшаллица Ильясовс 36 барт-тIелацам бина ишколашака 4эзар 600 соьман меха йоза-дешар Iаморехь оьшу цхьацца коьчаллаш кхачо, амма талламхоша динчу зераша гучудаккхарца Ильясов Руслана шена пайденна уьш беза-бевзачаьргахь,шена са яккхархьама къайлаяьхна, кехаташ тIехь уьш ишколашка дIакхачийна сурт а хIоттош.

Дукха бахархошна гергахь Нохчийчохь и тайпа къоланаш дар могIарера гIуллакх ду. Цара бечу чIагIамашца, лахара хьаькамаш аьттехьа а хIуьттур бацара балха тIехьа сел кIоршаме хьарамлонаш лело, шайл лакхарчеран пурбанций бен.

Уггар хьалха харцонан дай Iедалан векалш лоручех ву шен юьззина цIе йоккхийла ца лиъна Гуьмсан кIоштера Iумар.

Даккхийчу гIанташкахь болчу Iедалхоша шайл лахарчарна мага а деш, хьанал а, хьарам а ца бохуш, ахча даккха, чухьекха зIе -тIийриг ю кхузахь хьовх ерриг Оьрсийчохь а кхоьллина. Цу кепара хьажам болчех ву Шелан кIоштера пенсехь волу заьIапхо Хаваж а.

ГIийла лол бетташ, хала хене бовллал бен алапа доцурш, даьлларг мел кIезиг хIума делахь а, чохь яккха хенаш а тухий набахте хьежабо, ткъа инзаре дукха ахчанаш диънарш маьрша буьту бохуш къамел дина пенсахо Хаваж тешна ву, Оьрсийчохь ишта харцонаш тергаллуш йолу иттаннаш шераш а ду, керла хIума доцуш цигара схьаэцна хатI –кеп ю махкахь тергаллуш ерг а аьлла.

Бутт батте моссазза болу терахь дебахь бен, лах ца луш кхела хьалха хIиттош лаьтташ бу юккъерчу тIегIан хьаькамаш.

Заводан кIоштан «Чеченгаз» урхаллин цхьана хьаькаман гIуллакх а кхачийна кхеле. Цо ООО «Экологи»цIе йолчу газан бахамехь гучудийлина гIалат-кхачамбацарш тергамза а дуьтуш, бакъо елла газ чухеца, шайн «Грозненски» газан филиалана I00 сов зе а деш.

Цхьацца хилла кийтарлонаш лелош, Iедална йогIу ял охьа ца юьллуш, харцонаш лелаярна бехкевеш, жоьпе ийзош ву Устрад гIалара шекаран заводан директор а. Цо Iедалан бохчи чу ца кхочуьйтуш хьулам бинарг 5 млн сом сов ахча ду, талламхошна хетарехь.

Низам талхош, шен киса дузархьама, бахархошна лаьттан дакъош дохкарна дов суьде кхачийна Пригородни олучу Шина суьйла коьртарчу юьртде гIовс лаьттинчу вахархочуьнан а. Цу могIарера масалш кIезиг дац.

Ала дашна, кху тIаьхьарчу масийтта шарахь Оьрсийчохьа дукха кIошташ хир яц Нохчийчохь санна, хьарамлорнаш бахьнехь юртдай балхара бохийна а, кхела хьалха хIиттийна а.

XS
SM
MD
LG