ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбанан цIийнах лечкъийла йина тIалибаша


ОвхIанистанан тIеман министран декхарш кхочушдечу Станекзай Масума Ассошиэйтэд Прессана еллачу интервьюхь хаамбина, ши кIира хьалха Iамеркан эскарша бомбанаш тоьхна Кундузера «Доза доцу лоьраш» олучу юкъаралло латтаде дарбанан цIа тIалибаша шайн лечкъийла йина латтош дара, аьлла.

Цо дийцарехь, «Доза доцу лоьраш» юкъараллин хIусамаш чохь лечкъина хилла Пакистанан къайлахчу сервисан белхахой. Дарбанан цIенна тIе бомбанаш йиттира Iамеркан кеманаша ГIадужу-беттан 3-чу дийнахь. Цигахь велира 22 стаг.

Кундузера шен болх сацийра оцу дийнахь дуьйна «Доза доцу лоьраш» юкъаралло. Цара бакъ ца до, кеманаша бомбанаш тухучу дийнахь шайн хIусамашкахь герз карахь нах бара бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG