ТIекхочийла долу линкаш

18 ОвхIанистанан полисхо лаьцна тIалибаша


Кабулна юстахо Iуьллучу Фарьяб провинцехь 18 ОвхIанистанан полисхо лаьцна тIалибаша. Цигарчу ГIормах олучу кIоштахь шина дийнахь бинчу тIамехь аьтто баьлла тIалибийн меттигера полицин куьйгахочуьнцана цхьана оццул эпсарш йийсаребан. Хаам баржийнарг ву Фарьябарчу полицин коьрта хьаькам АгIа Сайед.

ТIалибанан векало а бакъбина и хилам. Фарьябера хьал меттадалон ницкъийн дакъош вовшахтоьхна Кабуло, коьрте вице-президент Дустум а хIоттош. Хьалха тIалибийн лидерашлахь а лелла, Iедалехьа ваьлла тIемало ву Дустум. Цо дукха хан йоццуш милици кхоьллина тIалибашца ОвхIанистанан къилбаседанехь тIемаш бан.

XS
SM
MD
LG