ТIекхочийла долу линкаш

КIира ду Нохчийчохь, кегий бераш ларде бохуш, цхьацца наха юккъарреллехь даржаде. Бераш идадо, Iеха а дой, бохуш, дуьйцу социалан машанашкахь а.

«Шайн бераш лардахьара аш, юккъадаьлла -бераш лачкъор» бохуш, хаамаш кхаьчна кху тIаьххьарчу деношкахь, Нохчийчохь лелочу социалан машане. Йозанца хIоттийна болчу цуьнан автор мила ву хууш дац, амма дукхачу нехан синтем байина оцу хаамо.

Дуьйцуш ду бер тIекхойкхуш, цициг, я жIалийн кIеза а гойтий, цуьнах Iеха а лой, хьаста тIедахча, иза машен чу туху бохуш.

И хIуманаш махкахь хилла аьлла даре деш дац ницкъаллийн структурашкахь, амма, лерг диллина Iаш бу нах, бохуш Маршо Радиога дийцира Соьлжа-гIаларчу яхархочо.Хасанова Еситас.

Хасанова: «Кху тIаьххьарчу хенахь цхьацца эладитташ ду кхузахь дуьйцуш, бераш ларде, цабевзачу наха цициг я жIаьлин кIеза а гойтий машен чуьра, бераш Iеха а дой, лечкъадо, бохуш. Иштта дина аьлла хезна дац, бакъдерг дийцича.

Делахь а, дас-нанас бера лардича дика ду, берийн бешахь а, ишколехь а долу. ХIинцалц хиллачу хIуманна тIе иза дара хьуна вайна тIеоьшуш».

Нохчийчохь цу тайпа хIума хира ду аьлла ца хета дукхаъчу нахана. Иза хилча а, Iедалан буьрсалла а евзаш, и кIоршме зуламаш лело цхьа а хIуттур велахь тамаш бу бохуш, кхин дIа а дийцира Соьлжа-ГIаларчу Хасанова Еситас.

Хасанова: «Бакъдерг дийцича, иза хилла аьлла хезна дац. Иштта хIума хилча а, схьа а лоцу, таIзар а до. Иштта долуш дика а хета. Дала лардойла цу хIуманех. ТIаккха а, дайшка а наношка а, кхайкхам санна ала мегар ду иза. Кху чу кхоьхьуйтуш йолу и хIуманаш дикана а яц».

Иштта бух боцу хаамаш баржош хилар юккъараллехь долчу хьолан гайтам бу аьлла, ша тайпа мах хадабо синIаткъаман говзанчаша. Селхана бен тIамах ца бевллачу нахана, тахана маьрша дахаре бирзина берш цхьанна а тайпана дог хьастина, синош тедина хIума ца дина.

Цундела, шайна а ца хууш, муьлхачу маьттаза долчу эладиттах теша уьш, аьлла дийцира психолога Павлюк Светланас.

Павлюк: «Со ала гIертарг хIун ду, иштта хIуманаш таханлерачу юккъараллехь хилар, машар дIахоьттинчу махкахь хуьлуш дерг ду. ТIех сов цунна терго я оьшуш а дац, амма гуттар а тесна дитахь, иза кхераме ду. Оцу хIуманна дарба ду, Iаткъам лайначу нехан синмехалла лакхаяккхар».

Нохчийчохь бераш лардан деза маньякех бохуш, бух боцу эладиттанаш даьржинчу хенахь, цхьа бохаме хаам гIарабелира. Дагестанца дозанерачу Ишхой –юьртара 6 шо долу жима кIант вайна, аьлла. ШолгIачу дийнахь винчу дуьйна къора волу иза карийна, юьртана уллехь дIадоьдучу Ясси хинан йистехь, велла.

Иза цига муха кхаьчна а, я хIун Iалашонца вахана а къастош ду талламо.

XS
SM
MD
LG