ТIекхочийла долу линкаш

Шемин президент Оьрсийчохь


Кремло бечу хаамца, шинарий сарахь Москох кхаьчна Шемин президент Асад Башар цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца. ЖихIадхошна дуьхьал шаьш бечу тIеман агIонаш йийцаре йира цушимма, хаамбина оьрсийн президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

Цо бахарехь, Асада Путинна йовзийтина Шемин Iедалан эскарийн Iалашонаш. Оццу шинарийдийнахь Пентагоной, Вашингтоной бартбира шайн-шайн кеманашна стиглахь зен доцуш цхьаьна болх бан некъаш къастон. Сацамбина Пентагоно а, Оьрсийчоьнан тIеман министралло а кеманашна чохь юкъара радиотулгIенаш латтон.

Амма вовшийн Iалашонаш йовзуьйтуш хир дац и юкъарло – стигалахь кеманаш вовшах ца деттадалийтар бен дац агIонаша хьахийнарг.

XS
SM
MD
LG