ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан Къилбаседанерчу массех провинцехь луьра тIемаш бу


ОвхIанистанан Къилбаседанерчу массех провинцехь луьра тIемаш бу Iедалан эскаршний, тIалибийн тобанашний юкъахь боьлхуш. Лашкар ГIохI гIалахь а, цунна гонах а лаьттачу тIаме керла 1000 эскархо хьажийна Iедало.

Шинарий буса а, кхаарийдийнахь а эскарш мукъаяккха гIертара тIалибех Бабаджи, Над-Iали, Марджа кIошташ. Iедалерчу хьостанаша дийцарехь, тIалибаша дIалецначу 15-ннах пхи юьрт мукъаяккхаелла эскаршка. Боьлхучу тIемаша кхерам латтабо Кандагарера Герате боьдучу мехкан коьртачу некъех цхьанна.

XS
SM
MD
LG