ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн кеманаша нах байина юха а


Иракъан Къилбаседанехьарчу Идлиб провинцерчу Сармин гIалахь Оьрсийчоьнан кеманаша тохар динчу дарбанцIачохь велла лаххара а 12 стаг, шайлахь лоьраш а болуш, хаамбина цигара хьал тергалдечу бакъоларъярхоша. Бомбанаш йиттина шинарийдийнан буса.

Беллачаралахь ву физиотерапевт, тIехьожу лор-йиша, цомгушнаш, боху шемахойн бакъоларъяран Лондонерчу тобан куьйгалхочо Iабдель-Рахьман Рамис. Тохар дина дарбанцIа ду Урдунера, Туркойчуьра, Ливанера кхочучу гIоьно латтош. Иштта, ракеташ тоьхна оьрсийн кеманаша Алеппо гIаларчу шина дарбанцIенна, тоьшалла до Малхбалерчу САМС олучу лоьрийн юкъаралло.

Цуьнца доьзна, САМСо кхайкхамбина Оьрсийчоьне лоьраш а, маьрша нах а ца байар доьхуш. Ткъа президентан Асадан прессано даржийна, оьрсийн кеманаша террорхой байина аьлла, ца хьахийна дарбанцIеношна тIе ракеташ, бомбанаш кхетарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG