ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьо Кремлан бага хьаьжжина вацахь...


Масех де хьалха Екатеринбургерчу кхело меттигерчу яхархочунна Волегженинова Екатеринина дуьхьал айдина дов ду луьстуш. Иза бехкейо Оьрсийчоь цо Украинан гIуллакхашна юкъагIертар интернетехь емалдарна. Кхело иза бехке яхь, 4 шо набахтехь такха дезар ду цуьнан.

Волегженинова Екатеринина шен гIалахь туькан чохь кассир-болх бечу цунна вочу гIенах а моьттина хира дацара, шена хетарг довзийтар, иштта кIоршме зулам хиллийла.

ТIехьажа а ца кхуьуш хуьйцучу низамашца, талламо иза бехке лоруш ю экстремизм а, терроризм а яьржийна аьлла. Ткъа ша оцу зудчо динарг, Вконтакте олучу социалан машанехь Украинех лаьцна болу хаамаш гIарабахар бен кхин хIума дина дац.

Гарехь, хIиинца иштта доьрзур дуй хиънехьара, иза дийр а дацара цо. Оцу гIуллакхах лаьцна иштта комментарий йира журналист-юккъаралхочо Эйсмонт Марияс.

Эйсмонт: «Екатеринбургера Екатиринин гIуллаккх иштта ду. Иза кассир ю туьканахь. Иза гена ю политикана, жигархо а яц. Шен бераш а, цомгуш нана а лелош ю иза. Юккъерачу барамера яхархо ю иза. Ша кхетта Украинехь даллачуьнах, ша иза патриот а ю. Иза йоккхаеш яра Олимпиадех.

ГIирма дIалаьцча, цо ойла йина, хIунда олуш ду вайх оккупанташ. Цо ша дийцира соьга, ша Интернете а яхана, хIунда ду иза иштта хьаьжира. Цуьнан шен ойла кхоллаелла. ХIинца цхьанна а кепара зуламе йоцу и зуда, экстремист, террорхо санна списки юккъахь ю. ХIунда? Интернетехь, «Аьтто сектор» цIе йолчу тобана иза язъелла дела. Иза беламе хир дара, иштта гIайгIане дацахьарий».

Оьрсийчоьнан юккъаралла кху тIаьххьарчу цхьана шарахь чIогIа хийцаелла. Леррина болх беш пропагандийн машен ю, Iедалша шайна атта долчу агIор, нехан дог-ойла кхоллайолуьйтуш.

Цунах дукха нах Iеха а белла, боху цхьаболчу эксперташа. Амма кIезга бац нахана юккъахь, шаьш билгал а бовлий, Волегженинова Екатерина санна, официалан йоцу ойла йовзуьйтуш берш а. Цунна дуьхьал долу гIуллакх дуьххьара а, тIаьххьара а дац бохуш, кхин дIа а дуьйцу журналист-юккъаралхочо Эйсмонт Марияс.

Эйсмонт: «Ма дарра дийцича, и санна гIуллакхаш вайна хуучул а дукха ду. Масала лаха гена ваха а ца деза. Орелан кIоштехь Крома эвла. Меттигерчу ишколехь хиллачу хьехархочун Бывшев фамили ю. Иза поэт ву, цо стихаш язйора хьалха, ветеранех лаьцна, массарна везаш а вара иза.

Мэро ахча а деллера цуьнан гулдар зорбане даккха. Хийцамаш хилла цуьнан. Цхьаболучара боху иза хьераваьлла. Ткъа цуьнан шен ойла кхоллаелла луларчу Украинехь долчу хьолах.

Стихаш язъян волавелла, Оьрсийчоьнна луьйш, ГIирма дIалацарна неIалт а кхайкхош. Иза хIинца экстремист а, террорхо а ву аьлла списки юккъахь ву. Цо, ша ма аллара «со хIинца Бен Ладен ву» аьлча дешнашца, хьуна дуьхьал гIуллакх доладо, кIоршме зулам дича санна. Диъ шо туху набахтехь хан яьккха».

Долу-долуш пачхьалкхехь долу хьал юханехьа доьдуш ду, Советан пачхьалкхан замане аьлла, дуьххьара мах хадош бац.

Кхин ойла яр-зуламе хеташ хилчу замане. Уггаре а чолхе дерг, оцу кхолладеллачу хьолехь, Эйсмонт Мариина хетарехь, ду, мотт бетташ болу нах гобаьккхина хилар.

Эйсмонт: «Суна чIогIа хаа лууш дара, хIунда гIоьртина иза кхин агIо йовза. Ткъа кхечу агIор хьаьжча, хьанна хаа, кхин нах а хила мега и ойла а йолуш, иза шайгахь а латтош.

Кхеташ ма ду, иштта ойланаш юккъараллехь кIезгачу декъана бен ца хета бохуш дуьйцуш хилар. Суна кхиъ хIун ала лаьара, мел гIайгIане хIума ду, экстремизмаца къийсам латточу наха лелориг.

Ткъа кхиъ кхераме ду, мел хазатетарца аьрзанаш до вайн лулахоша а, белхан накъосташа а. ХIора гIуллакхехь ду цара дина аьрзанаш.

Челябинскера гIуллакхехь документ ду бохуш долу мотт тохар ду I994 шарахь вийнчу вахархочуьнгара. Мичара яьлла цунна и ГУЛАГ-ан амал?

I994-чу шарахь Советан пачхьалкх йоцу 3 шо дара. Иза ду уггаре а кхераме дерг.

Волегженинова Екатеринин гIуллакхах кхелан рогIера кхеташо вовшахкхетар ю масийта де даьлча.

Цул хьалха «Украинерачу патриоташна» аьлла стих язйинчу Бывшев Александран юккъараллин белхаш дан 300 сахьт гIуда тоьхнера.

Иштта 2 шарна цунна дихкина хьехархойн болх бан а. Пачхьалкхехь хуьлуш долу чIагIдарш лерича, иза а дика а ваьлла.

Доьрзура дуй теша Волегженинова Екатеринин гIуллакх иштта, къаьстар ду ГIадужу беттан 27 –чу дийнахь, кхелан сацамехь.

XS
SM
MD
LG