ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин куьйгалхошна даймахкахь кхераме хир ду я дац?


Кадыров Рамзана дIахьедина, шен Iедало новкъарло ца еш, Нохчийчу юхаберза а, шайн цIахь баха а некъ ло ша хьалха заманахь Ичкерин Iедалехь болхбинчу нахана, аьлла.

Цул совнаха, Оьрсийчоьнан Iедалан хеттарш хилахь, ша юрист хиларе терра, адвокаталла дийр ду ша, боху цо.

Оцу къамелах мел теша, мел бIобулу, гергарчарна са а гатдеш, Малхбалехь а, Малхбузехь а хан токхуш бехачу Ичкерин Iедалехь къахьегначу нехан?

Иштта дара Маршо Радион кху кIиранан хаттар.

Шуна хIун аьлла хета, мел тIаьхьало йолуш ду Кадыровн и дешнаш?

Буй тешам тахана Ичкерин Iедалехь болхбиначарна Нохчийчу юхаберза, боху хаттар алсам тергоне эцна ладогIархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG