ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дийцаредан Венехь цхьаьнакхийтира Лавров а, Керри а


Шемара хьал дийцаредан Венехь цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Керри Джон а. Хьалхарчу декъехь цушимма шаьшинна юкъахь дина къамел.

ТIаьхьо цушинца цхьаьна дийцаршка гуллуш бара СаIуда Iаьрбийчоьнан а, Туркойчоьнан а дипломатин лидерш аль-Джубейра Iадел а, Синирлиоглу Феридун а. Ши де хьалха Кремло Шемин президент Асад Башар Москох хьошалгIа витарна а, цуьнца Путин Владимира юкъарло латторна а ша реза йоцийла хаийтийна Вашингтоно.

Асад Москох вар дузу Малхбузено оьрсийн кеманаша Шемарчу Iедалан эскаршна махкахь боьдучу тIамехь гIодан долор диктаторна тайна хиларца. Евробертан а, Вашингтонан а шеко яц Оьрсийчоь «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашна ракеташ еттачу меттана, Малхбалено тIекарло латточу Асадан оппизицица тIом бан яьлла хиларх.

XS
SM
MD
LG