ТIекхочийла долу линкаш

Украина Евробертаца а, Германица а, иштта Оьрсийчоьнца а экономикан гергарлонашкахь хилийта


Европан Бертой, Украиной вовшвшаца маьршша йохк-эцар лелон сацам хуьлийла дац Оьрсийчоьнна зене а, я хIуьттаренна, элира Германин канцлеро Меркел Ангелас пIераскана Берлинехь хIоьттинчу немцойн-украинахойн экономикан конференцехь.

«Мелхо а тхуна лаьа Украина Евробертаца а, Германица а, иштта Оьрсийчоьнца а экономикан гергарлонашкахь хилийта», - элира Меркела. Экономикан барт эшарх долу документ стохка хIоттийнера Евроберто Украинаца.

Цхьаболчу политикашна оцо чIагIйийр ю Европанний, Украинанний юкъаметтигаш, амма цуьнца цхьаьна херйо Киев Москохца аьлла хетарш а бу дукха, къаьсттина Оьрсийчохь.

XS
SM
MD
LG