ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибашца тIемаш беш ву Дустум


ОвхIанистаной, Туркменистаной вовшашца екъна йолчу Аму-Дарья хица лаьттачу гIайритIехь къайлабевлла тIалибаш а лоьхуш, цаьрца тIемаш беш ву кху деношкахь оцу мехкан президентан вице Дустум. Жаузджан провинцехь тIалибаша дIалаьцна ярташ царех мукъайохуш бара Дустум коьртехь волу ницкъаш.

Провинцин куьйгалхочун гIовса Мамуди Iабдурахьмана хаамбарехь, пIераскана Дустуман декъо вийна 30 тIалиб, яьхна гIаттамхошкара машенаш, герз. Дустума дозанехь хьош йолу операци къобалйина, цуьнан векало Файзи Султана бахарехь, Туркменистанан куьйгалхоша а.

Дустум ша а ву хьалха ТIалибанана куьйгалхошкахь лелла, тIаьхьо пачхьалкхерчу керлачу Iедалехьа ваьлла. Цундела цунна дика бевза тIалибийн некъаш а, церан тIеман тактика а, аьлла хета тергамчашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG