ТIекхочийла долу линкаш

Ерриг-Оьрсийчоьнан центро бинчу талламийн жамIаш


Кремло Шеманна тIе бомбанаш, ракеташ етта йолоро терроран новкъа бохур бу пачхьалкхехь беха бусулбанаш, аьлла хета Оьрсийчоьнан 65 процент бахархошна.

Иштта ду юкъаралланна хетарг толлучу Ерриг-Оьрсийчоьнан центро бинчу талламан жамI. 16 процент нах бен бац террор шайх, я шайн гергарчарех хьакхалур яц аьлла хеташ.

Амма 77 процент бахархой тешна бу шайн дахар террорах Iалашдийриг Iедал ду бохучух. Талламан центро и зераш дIадаьхьна кIира хьалха, хеттарш дина Оьрсийчоьнан 46 регионехь 1600 стаге.

XS
SM
MD
LG