ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчунна - майра, йоIана - бобералла


Къомо даима а осала, лахара лерина вайнехан Iадат-гIиллакхашца, амалца тарделла доцу хIуманаш тергалло кху тIаьхьарчу шерашкахь махкахь. ЦIармата, нохчаша акха лору хIумнаш сих-сиха гучудийла доьлла цхьаболчу могIарерчу нахехь.

«И саннарг нохчашлахь,дуьне доьхчи а, хуьлийла а дац», - олу цхьаволчо. «И стаг лартIахь ца хилла, лартIахь волчо лур дац 7 шо кхаьчна бер оьрсийн кара дIа»,-оьккхуьйту кхечо.

«Уьш муьлш бу а хиъна, цу йоьIан нанна а, дена а, хIара дуьне къахьдеш, луьра таIзар дан догIура», бохуш, карзахбуьйлу кхиберш».

«Уьш адамаш а дац, яйина дIаяха йогIуш акхарой ю», бохуш чIагIамаш бо кхечара.

Ишта бен-башхалла йолу къамелаш а хазош, бахархоша шовкъе дийцаре дерзийнарг ду цхьана дас 7 шо кхаьчна жима йоI, долара йоккхуш кехат-тоьшалла а яздина, Ставропол махкахь цхьана берийн цIийне дIаялар.

И гIардаьлла нохчийн юкъараллехь. Да мила, мичара ву а хиъна. Иза Теркйист кIоштера вахархо ву. Оьрсийн зудчо орца а даьккхина, дууш хIума а, олуш дош а доцуш,йоьлхучуьра юха ца йоьрзуш холчохь хилла йоI юха а ерзийна, дехоша дIайигна.

Дийцарехь царна хууш ца хилла шайн стага динарг. Генна балха ваханчу дас йоI шеца дIайигна моьттуш хилла гергарчарна. И йоI дIаяларх, схьаялаярх а,цуьнан дай бовларх а, соьца къамел деш ю хьехархо, кху тIаьххьарчу 15 шарахь де эшначу берийн цIийнехь кегийчу адамийн хьехамча а, нийса накъост а хилла схьайогуш йолу Чабаева Лариса.

Куьг бехкениг,и йоьIан да, цIарца вийцича эшахь бен тодала хIума доцу дела цIе ца йоккхуш витна, цунна наха мел олу наьIалт тоаме а лерина. Лариса ю дуьйцуш.

Лариса: «ТIаьхьарчу хенахь нохчашлахь дуьйцуш хезча а хьо тешар а воцуш,хила йиш йоцу хIумнаш ду хIинца дуьйладелларш. ХIинцца кIира хан а яц и меттиг нисьелла. Нана маре а яхна, шена схьаелла шен йоI, дас оцу дестечуьнца ваха а гIой Ставропол мехкан цхьана берийн цIийне дIаелла хилла, долара а яьккхина.

Цу гIазкхийн дог а кхардош, и бер цигахь а дуьтий дIавоьду и къонах. Цуьнан бехк бийцина а вер вац. Цигахь болх беш йолчу оьрсийн зудчо зIе туху кхуза, шу къоман бер дара кхузахь олий.

«Юуш ,молуш дац, дистхуьлуш а дац, цунна цхьаъ хиларна кхоьрура тхо, кхунах къа хетара тхуна. Шу къомана юкъахь вала да воцуш хуьлийла а ма дацара, тхуна гIо-накъосталла дахьара аш», аьлла, орца дехна.

Цул тIаьхьа бахана схаялийна йоI. И цIа ялийначул тIаьхьа цуьнан дехой а карабо, делан къинхетамца и дехой оьзда нах а хуьлий, цара и тIе а лоций. Царна хууш ца хилла ма-дарра. Царна моьттуш хилла дас и шеца дIайигна».

Маршо Радио: Хьо бераш кхиорехь керла стаг яц. И стаг стиглара охьавоьжжа мА ваций. Мел даьржина ду я дац ишта хIума нохчашлахь?

Лариса: «Суна хIун хета хаьий хьуна. И дай-наний дIасакъаьстинчул тIаьхьа цхьана хан-заманчохь цуьнан нанна маре дагадаллалца и бер цу ненаца хуьлу. Шена нехан цIентIе яха ма лиъанехь, «хIах со ели,хIара дIаэцал шайн бер» олий и охьакхуссу.

ТIаккха цу дена а, цу берана а юкъахь марзо ца хуьлу, я уьйр а ца хуьлу. И бер шен ду аьлла а ца хета аьлла хета суна цу стагана. Ишта хилчий бен цо дIахьа а дехьна а дIа а лур дац. Суна дукхах болу бехк цу йоьIан ненан хетта-кх».

Шен сих-цIийх схьадаьлла жима адам, доллара а даьккхина, берийн цIийне дIадаларх а, тахана бераш кхетош-кхиорехь нислучу лазамечу юкъаметтигех а дийцинарг яра берийн хьехамча-хьахархо Чабаева Лариса.

Цу йоIаца нисделларг хьааме дIадерзарна там хиллехь а цу хиламо цхьа могIа жоп доцу гIайгIане хеттарш-м кхуллу: ХIун хир дара те и жима йоI цу хийрачу геналлехь тийна-таьIIа Iийнехь?

Бала кхочург а ваьлла цIаерзор ярий те елххал бен кхин де доцу и декъаза «гIаттамхо»? ишта кх. дIа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG