ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь кийча ю шен кеманашца кхин дIа а гIодан Асадна


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс пачхьалкхан Россия-1 телевизионехула дIахьедина, Москох кийча ю «Шемин Маьршачу Эскарна» цо террорца къуьйсучохь гIодан шен кеманашца, аьлла. Дош кхочуш дийр ду и эскар долу меттиг йовзарцана, аьлла Лавровс.

Керри Джона, Вшингтонан дипломатин лидеро пIераскана элира, Шататаша къобалдийр ду Оьрсийчоьно «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашца тIемаш бечу ницкъашна гIодар. Оцу юкъанна Шемарчу баколаръярхоша хаамаш баржабо оьрсийн кеманаша еттачу бомбанаша а, ракеташа а хIинцале I50 маьрша нах байина, царех 38 бер ду, 35 – зуда, бохуш.

ФрансПрессе хаийтина и терахьаш Шемарчу бакълаъръяр тергарлдечу центран куьйгалхочо Рахьман Рами Iабдела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG