ТIекхочийла долу линкаш

Транспортан зIенаш хедаш ю Украинаний, Оьрсийчоьний


Украинан инфраструктурийн министра Пивоварский Андрейс хаамбина Оьрсийчоьний, Украинаний юкъара транспортан зIе хадайо шайн пачхьалкхо, аьлла. «Шоьтан дийнахь дуьйна лелар дац Оьрсийчоьнан гIаланашка кхузара кеманаш» - аьлла Пивоварскийс Оьрсийчоьнан информацин агенталлашкахула.

Транспортан зIенаш ца хедийта лууш, Брюсселехь оьрсийн векалш цхьаьнакхийтира Украинерчу хьаькамашца, амма церан барт ца хилла. Оьрсийчоьнан транспортан министра Соколов Максима, шен пачхьалкхо дерриг дийр ду транспортан уьйр ца хадийта, аьлла.

Цо бахарехь некъашца а, кеманашца а дIасалелачаралахь 70 процент украинахой бу, цундела зен алссам царна хуьлу.

XS
SM
MD
LG