ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно кхайкхийначу амнистин хан чекхъялла шоьтан дийнахь


Дуьненан шолгIачу тIамехь баьккхинчу толаман 70 шо кхачарна Оьрсийчоьно кхайкхийначу амнистин хан чекхъялла шоьтан дийнахь. Цуьнца доьзна набахтешкара арахецна, я таIзарх мукъаваьккина 225 эзар стаг.

Пхеа шаре ца кхочуш набахтешка хьовсийнчарна кхайкхийна яра и амнистии. Цул совнаха, мукъабаьхна тIемаш барна пачхьалкхан орденаш йолу тутмакхаш а. Амма стагга а ца вахана амнисти юкъа Кавказехь Кремло латтийначу а, латточу а тIемашкахь цуьнан эскаршна дуьхьаллаьттинчу нахах.

XS
SM
MD
LG