ТIекхочийла долу линкаш

Мохк бегийна, нах белла...


ТIаьххьарчу шерашкахь кхин ца бегийначу кепара ницкъала мохк бегийна ОвхIанистанан къилбаседанехь оршоьтадийнахь. 30 стаг велла херцаршлахь овхIанхойх, ткъа луларчу Пакистанехь 120 велла.

7,5 балл лестам болчу бохамах девдда, Тахар провинцерчу школа чуьра арахьалхинчу берех елла 12 йоI.

Кхечу, Талукан провинцехь иштта школичуьра арахьаьлхинчу берех 30 сов лазийна, цхьаъ бен йоцчу неIаре хьаьвддачохь. Херцарш ца хилла школехь, амма оццул бераш дарбан цIийне кхаьчна.

XS
SM
MD
LG