ТIекхочийла долу линкаш

МухIажиршкахьа къинхетамалла лоьху Европано


Шемарий, Иракъерий, ОвхIанистанерий эзарнашкахь дIаоьху мигранташ, ца евлла, Европан юккъерчу мехкашка чекхбуьйлуьйту йистошкарчу пачхьалкхаша.

Хорватино дIахьедина оршотдийнахь, 13 эзар мухIажир дийнахь-буса Сербин агIор дIавахийтина шаьш, аьлла. Словенин полисхоша а хаамбина, Хорватера 10 эзар мигрант кхаьчна шаьш долчу, аьлла.

Берлино а боху, Австрера 15 эзар стаг кхаьчна Германе дахначу мукъаденошкахь.

Желтой махкара дIа Германе кхаччалц болчу мухIажирийн новкъахь царна 100 эзар сов меттиг кечбан сацамбина Европан комиссино, аьлла дIахьедина ЕвроКомиссин президента Юнкер Жан-Клода.

XS
SM
MD
LG