ТIекхочийла долу линкаш

Къилба Азерчу мохкбегоран ирча тIахьало


Шинарийдийнахь мохкбегоро даккхий зенаш дина ОвхIанистанна а, ерриг Къилба Азина а. 7,5 лестам болуш хиллачу Iаламан хьовзамехь бIеннаш белла.

Дуьззина вовшахтоьхна девлла а дац дарийн терахьаш. 300-не кхочуш лаьтта беллачу пакистанхойн терахь, 1600 ву лазийнарг. ОвхIанистанерчу Гиндукуш дукъ чулоцучу Бадахшанехь а ву велларг 115, бIеннашкахь – лазийнарш.

Бохам листа халойо хьаьлхинчу догIанаша, тIехьерсачу лайно, латтатакхаро. Орцан ницкъашна хала ду бохам хиллачу меттигашка кхача доьхна некъаш, тIеш.

Эй-Эф-Пи агенаталле Читрал къоштарчу Iедалан векало хаамбина, шаьш долучохь, масала, мала хи доцуш висина 8000 стаг аьлла.

XS
SM
MD
LG