ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Силуанов Антон: Финансийн резерв чекхъялахь...


2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан Резерван Фонд кхачаяла тарло, нагахь санна мехкдаьттан дуьненаюкъара мах таханлерчу тIегIанехь бисахь, аьлла Оьрсийчоьнан финансийн министра Силуанов Антона Москох шинарийдийнахь журналисташна интервью луш.

Карара шо доьрзуш пачхьалкхан бюджетера ахчан дефицит 2,6 триллион сом хир ю. Ткъа 2016-чу шарахь хиллане а хир дац Резерве хьажо ахча, бохура Силуановс. Цундела финансаш дебор уггаре хьалха дийцаре дан дезарг ду пачхьалкхехь, аьлла хета министрна.

Дукхахболчу мехкаша Украинера конфликт Кремло марсаяхарца доьзна Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцийн тIаьхьало ю цигахь Резерван Фондера финансаш кхачаялар а, экономикан кризис естар а. Цул совнаха, яккхий харжаш йина Кремло Сочехь Iаьнан олимпиада дIахьош а, Шемахь тIеман операцеш дIаяхьа кечлуш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG