ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФИФА-но галдаьккхина футболан дуьне


Германи - Беккенбауэр Франц, немцойх тоьлла футболхо ларалора дуккха а шерашкахь.
Германи - Беккенбауэр Франц, немцойх тоьлла футболхо ларалора дуккха а шерашкахь.

ФИФА-н куьйгаллехь лелла коррупци толлучу гоно немцойн гIарабевлла футболхой тергоне эцна. 2006-чу шарахь Германехь дуьненан чемпионат дIаяхьа кечамбинчу тобан коьртехь хиллачу Беккенбауэр Франца ФИФАн куьйгалхошна кхаьънаш делла хила мега боху цара.

ФИФА дуьненанюкъара футболан ассоцианин лакхарчу куьйгаллехь масех бутт хьалха иккхина коррупцин скандал Оьрсийчохьий, Катарехьий дуьненан футболан чемпионат дIаяхьарца доьзна хилла ца Iаш, хIинцачул иттех шо хьалха, 2006-чу шарахь Германехь дIаяхьанчу чемпионатах а хьакхаяла йолаелла.

Кху деношкахь гучудаьлла ма-хиллара, ФИФА ассоциацин этиках йолчу комитето лерина таллам болийна, немцошлахь „аьхкенан туьйра“ бохучу зевнечу цIарца дагалецамаш кхобуш йолчу чемпионатан оргкомитетан куьйгалхочун Беккенбауэр Францан хьокъехь. Беккенбауэр шеконе лаьцна, чемпионат Германехь дIаяхьийтархьама немцойн футболан цхьаьнакхетаралло хIетахь ФИФА куьйьгаллехь хиллачарна кхаьънаш деллий-теша бохучунна.

И IалагIож дуьххьара юкъараллина йовзийтинчу немцойн уггаре а тIеIаткъамечех Шпигел журнало чIагIдарехь, немцойн футболан кхеташоно шайн махкахь чемпионат дIаяхьийта гIерташ ФИФА дуьненан футболан федерацин куьйгаллерчу цхьа могIа хьукматошна миллионашкахь кхаьънаш делла хилла.

И тайпа шеконаш немцойн юкъараллехь ФИФА куьйгалла коррупцина бехке ян йолийча дуьйна схьа лелаш хиллехь а, амма журналисташа хIинца яздарехь, футболан кхеташонан куьйгаллехь билгал къепедацарш лелийна хиларан лар лаца кадаьлла церан. Иштта, масала, церан каракхаьчнера немцойн футболан кхеташоно бахьийтина хилла цхьа факс-хаам.

Цу тIехь 7 милион евро герга ахча Швейцарерчу Цюрихе дIатассар хоуьйтуш ду, ткъа куьйга яздина ду цу тIехь РЛД-на гонорар ю хIара аьлла. Журналисташа чIагIдарехь, и РЛД бохург Роберт Луи Дрейфус бохург ду, аьлча а, Адидас фирмин куьйгалхо, Германехь чемпионат дIаяхьарехь жигара хилла а, ФИФА цхьаьнакхетараллин куьйгаллехь яккхий зIенаш йолуш а волу.

Цуьнгахула дIаделла хилла Футболан федерацин масех куьйгалхочунна Германера кхаьънаш аьлла тешна бу Шпигелера журналисташ. Цуьнца зIенехь хилла а, цу къепедацарийн декъа хилла а ларалуш ву немцоша „кайзер“ аьллий бен цIе ца йоккхуш а, дуьненан футболан уггаре а кхиаме ловзархо хилла а волу Беккенбауэр Франц а, хIинца шена дуьхьал дуьненан футболан федерацино таллам схьабиллина волу.

Миллионаш футболйезархоша боккхачу ларамца тIеоьцуш волу а, иштта дуккхаъчу къоначу футболхоша шайна масала лоруш а волу Беккенбауэр Франц коррупцица йоьзначу IалагIожан турпалхо хилар тамашийна ца лору цхьана хенахь Соьлжа-гIаларчу «Теркан» тобанехь футболах ловзуш хиллачу Сатуев Адамна хетарехь, футболехь коррупци лелаш хилар къайле яц, амма Беккенбауэр санна болчу похIмечу цIеяхханчу ловзархошкахь а, тренершкахь а вуно цатовш хIума ду, ишттачу скандалашкахь церан цIе яхар.

Сатуев: „Цу Беккенбауэран цIе ишттачу ситуацехь йоккхуш хала хета суна, хIунда аьлча шен заманчохь вуно дика футболхо хилла а, цул тIаьхьа ша тренер хIоьттича дика тренер хилла а ву иза. Ша немцойн тоба дуьненан чемпион йийр ю элира цуо ша тренер хIоттийча, иза цуо дан а дира.

Цхьана агIор цундела хала хета суна иза цу скандалан декъа волуш. Вукху агIор цец ца волу со. ХIунда аьлча иштта ду кху дуьненан хIума. Революционерех пенсионераш хуьлу, кху дуьненах а, бахамех а ца бешаш болчу хиппи боламан декъашхойх къанбелча политикаш а хуьлуш нисло, харц-бакъ а дуьйцуш, спортхойх а изза хуьлу. Бакъду, Кайзерехь товш дацара иштта хIума“.

Цу юкъана шена дуьхьал дохуш хиллачу бехкийн хьокъехь еххачу хенахь вист ца хуьлуш Iийна волчу Беккенбауэр Франца эххар а дIахьедар дина шех йолчу шеконийн а, шен хила тарлучу бехкан а хьокъехь.

Оршотдийнахь немцойн футболан кхеташонан дисциплинаран коммиссин хеттамашна ша доьпаш деллачул тIаьхьа журналисташка вистхуьлуш, цуо мукIарло дира, ФИФА футболан федерацера гIоьне кхачархьама цу федерацин финансийн комитетаца цхьаьнаболх бан безар тIедожош ду. ХIинца, таханлерчу денера дIа хьаьжча, со кхета, оха и цхьаьнаболх бан мегар ца хиллийла“, - элира цуо, башха кIоргера деталаш а ца довзуьйтуш.

Цу гIалатна ша бехке хиларна а къера ву ша элира цуо, амма цуьнца цхьаьна дацаре дира, Германехь футболан чемпионат дIаяхьархьама шаьш ФИФАн декъашхойн кхаьжнаш эцна бохург.

XS
SM
MD
LG