ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала - Киев: иэсехь юьсур ю и кхел


Шен заманахь Оьрсийчоьнан кхелашкахь ерриг а пачхьалкхана а г1ара оьккхийтий луьстуш нислора кавказхойн девнаш, къаьсттина нохчийн. Тахана церан меттиг дIалаьцна Украинера лецна схьабалийна, я Оьрсийчоьхь карийна девне ийзийначу савченкогIеран, карпюкгIеран, клыхгIеран девнаша.

Шина украинца дов хатта долийна мехкан Лакхарчу кхелехь. 1994-I995 –чуй шерашкахь Дудаев Джохаран агIор оьрсийн эскархошна дуьхьал тIом бина бохуш бехк кховдийнарш бу Карпюк Николай а, Клых Станислав а.

Цу шинна дуьхьала долийначу бехктакхаман гIуллакхехь кхузахь тIемаш бина хилла бохуш хьехош бу цхьа могIа политикаш а, ур-аттал тахана Украинехь премьер министар волу Яценюк Арсений а тIехь.

Церан дов хаттар дIадоло дезаш дара кху ГIадужучу-беттан 26-чу дийнахь,амма присяжни олу тоьшаллин векалш вовшах цакхетарна тIаьхьатеттина.

Уьш йиллинчу хенахь схьацабахкар шатайпа кхетадо шен юьззина цIе йоккхийла ца лиъначу Соьлжа гIаларчу адвоката Мовсара.

Мовсар: "Украинхошна лаккхара хенаш тохийта гIерташ бу Москвара дуьйна охьа Iедалхой. Царна луьра таIзар дайтархьама тIеIаткъам беш бу суьдехь хила безачу тоьшаллин векалшна а. Уьш берриш бохург санна нохчий бу.

Кху чуьра харцонаш шайна йовзаре терра нахана ца лаьа бехк белахь а бацахь а уьш набахте кхачо луъчеран аьллар тIе а тевжина, шайна къалато. Цундела и цхьаберш, цхьацца бахьнаш а хIиттош, цу кхеле ца бахка гIерташ бу».

Ишта къамел динарг ву Соьлжа гIалара адвокат Мовсар.

Цкъачунна адвокатийн дехар-леткъамаш тергамза буьтуш бу суьдхоша. Куьг бехке лоруш берш суьде бахка а, баха а шайн лаамехь битахьара аьлла, дина дехар прокурор Блинников Сергейс а резавоцуш хамтал дар бахьнехь, тIе ца эцна суьдо.

Ишта тидаме оьцуш дац еххачу хенахь набахти чохь бахкочарна, шайна товриг алийта, талламхоша харц тоьшаллаш дохуш, ницкъ бина хилар а, Каплюк Николай, масала, оцу хьехочу шерашкахь Нохчийчохь хилла цахилар а.

Адвокаташа дийцарехь, суьдхоша цкъачунна гIортор йийриг ду «УНА-УНСО» (Украинан къоман ассамблея) декъашхоша Карпюк Николайс,Клых Станислава 20 шо хьалха Нохчийчохь цхьа могIа деза зуламаш дина бохург.

Талламхоша гулдинчу тоьшаллашца Карпюк «Викинг» цIе а йолуш кхоьллинчу зуламхойн гIерана коьртех лаьттинчех цхьаъ ву. Коьрта теш волчуха талламхоша хьехош ву хьалхо ШуьйтIа кIоштан суьдо 24.5 шо хан тоьхна набахте хьажийна украинхо Малофеев Александар.

Низамхоша чIагIамаш барца, цо даре дина дина цу «Викинг» тобана юкъахь хIинца Украина премьер министар волу Яценюк Арсений хилла бохуш.

Ма-дарра аьлча, цу бехктакхаман гIуллакх юкъахь Яценюк хьехор доккха совгIат ду.

Цу хенахь хIинца волчу премьер министаран 20 шо бен дуьзна а доцуш, Нохчийчу кхача таро йоцуш, юрфакехь доьшуш хилла.

"Яценюк цигахь ца хилар тхайга гучудаккхалахь, тIаккха цу гIуллакхан ерриг сюжет а йохало», -аьлла дIахьедар дина адвоката Новиков Ильяс.

Цуьнан Iалашо ю Карпюк, Клых Нохчийчоьнан тIеман тасадаларшкахь хилла цахилар а, ишта Карпюкна тIехь ницкъ бина хилар а суьдхошна дIахазийта. «Говзачу лоьрана хуур долуш, ягийна меттиг ю цуьнан дегIа тIехь»,- боху адвокато.

Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхехь дукха нийсадацарш, морзахаллаш карийна «Мемориал» бакъонашларьечу центрана а.

Цуьнан говзанчашна хетарехь, бехк базбеш долу хIумнаш коьртах а дохуш, чубоьхкина латтош болчийн бех байбеш долу масалш, тидам-тергоне а ца оьцуш дита гIерташ бу кхелахой.

"Дилийтина гIалаташ, зераш деш йийлийтина ледарлонаш вовшашца а, арахьарчу дозуш доцчу хьостанашца дустаро тхуна гайтина дукха кхачамбацарш а, Соьлжа гIалахь 1994-1995- чуй шерашкара хиламаш кхеторехь далийна морзахе тоьшаллаш а»,-боху бакъонашларьярхоша шаьш «Кавказан узел» агенталле кхачийначу релизехь».

И гIалаташ –бIостаналлаш дукха хиларо, цкъацкъа абсурд лара а тарлуш, церан шеконах буьзначу чулацамо а, и бехктакхаман гIуллакх, ма-дарра сурт девзаш а, хьолах кхеташ а боцчу наха сихаллехь вовшахтоьхна тептар ду аьлла ойла кхоллало.

Ишта дIахьедар хааме даьккхина «Мемориала» бакъонашларьярхоша.

Соьлжа гIалахь хоттуш долчу девнан хьокъехь вистхиллачу адвоката Мовсара аьлларг карладаьккхича, гIийла дегайовхо ю, яккхий хенаш а ца тухуш украинхой буьтур бу аьлла.

И дов политикан хьу-чулацам болуш лору цхьаболчу тергамхоша а. Царна хетарехь, Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а яккхий хенаш кхайкхор тIедожийна суьдхошна а,тоьшаллин векалшна а.

Цара ечу кхелана кIелдиллина политикаца дозаделла маьIна хир ду: «ишта хан а тоьхна, тутмакх дарже ваккха вогIура Украинехь премьер министар даржехь волу Яценюк Арсений а».

Вуьшта аьлча, цу шина украинхочунна яккхий хенаш а кхайкхийна, шеконан кирхьа кIел лоцуш ду Украинера Iедалда а, цуьнан го а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG