ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еарийдийнахь дийцаршка гуллуш бу пачхьалкхийн дипломаташ


ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Жавад хир ву Венехь хIуттучу Шемара конфликт йийцареечу конференцехь, хаамбина ТехIеранерчу ИРНА агенталло. Еарийдийнахь дуьйлалучу дийцаршкахь дакъалоцуш бу Iамеркан Штатийн, Оьрсийчоьнан, СаIуда Iаьрбийчоьнан, Турокойчоьнан дипломаташ. РогIерчу дийнахь цига кхочуш бу церан Гiажаройчуьра а, Мисарара а, Либанера а, кхечу мехкашкара а коллегаш.

Ша оцу барамехь хир юйла хаийтина ЕвроБертан дипломатин хьукматан лидеро Могерини Федерикас а. «ГIажарийчоь Шемара хьал дийца дуьххьара кхайкхина елахь а, иза Iамеркан Штаташа вуно нийса дина хIума ду», - бохуш яздо гIажаройн прессехь.

Ткъа Шемахь Асад Башаран Iедалх летачу ницкъийн векало Марва ХIишима «ал-Iарабия» телевизионехула дIахьедина, ТехIеран Венерчу дийцаршка кхайкхаро халчу хьоле хIиттор ду бертах долу дийцарш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG