ТIекхочийла долу линкаш

Кхерам бохьуш ду Юккъерчу Азина кху муьрехь ОвхIанистанехь тIалибийн болам жигара балар


Кремло Шемахь авиатохарш дар бахьана долуш, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанерчу кавказхойн, гIезалойн дог догIур дац цIехьа а бирзина, Оьрсийчоьнна дуьхьалбовла, аьлла къамелдина кхаарийдийнахь Москох конференцехь Федералан Кхерамзаллин Урхаллан (ФСБ-н) куьйгалхочо Бортников Александра.

100 сов махкара бу ДАIИШера нах, «иттех гIера ю Оьрсийчуьра, Гуьржийчуьра, Украинера, Юккъерчу Азин мехкашкара. Ткъа шаьш, лерринчу ницкъаша, нейтрализаци йина дукха хан йоццуш Москох «ДаIишан а и Хизб ут-Тахриран а " бенна, элира Бортниковс.

Боккха кхерам бохьуш ду Юккъерчу Азина кху муьрехь ОвхIанистанехь тIалибийн болам жигара балар а, цундела Йозуш Йоцчу Пачхьалкхийн Юкъаралла (СНГ) сема хила еза террорна дуьхьал болх беш, къаьсттина дозанашкахь, бохура ФСБ-н буьйранчас.

XS
SM
MD
LG