ТIекхочийла долу линкаш

Мигранташ тергоне эцархьама «техникан дуьхьало» кечъеш ю Австри


Луларчу Словенера шен дозанашна чоьхьакхочу мигранташ тергоне эцархьама «техникан дуьхьало» кечъеш ю ша, аьлла Австрино. Парламенте кхаарийдийнахь хаамбеш Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Майкл-Лейтнер Йоханна бохура, кху итт дийначохь хIотто йолор ю дозанехь керт. Изза дIахьедар дина оццу кхаарийдийнахь Словенино а.

Делахь а, керташ хIитторца миграцин проблемах мехкаш кIелхьара бовла гIертарна критика йо Европерчу цхьацца политикан боламаша а, бакъоларъярхоша а. 700 эзарнал а сов бу кхушара Европе баьхкина Малхбалера мигранташ.

XS
SM
MD
LG