ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун доьху къинхетамах?


Мохк жима хиларе терра, махкахь лоьраш цатоаре а, ткъа болучу говзанчийн декъо нахера кхаьънаш дахаре терра, сиха даьржа Нохчийчохь дарбанхошкара долу сакхт. Кхел хилла яцахь а, бахархоша кар-кара а луш дуьйцу кху деношкахь лоьран бехканна жима стаг валарх лаьцна.

Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштан талламхоша кху беттан 25-чу дийнахь бехктакхаман гIуллакх долийна «Берс» цIе йолчу лоьрийн центрна дуьхьал, цуьнан говзанчаша операци йина I6 долу кIант валар бахьаненна. Пластика операци еш этIийначул тIаьхьа масех сахьтехь бен ца ваьхна кхиазхо.

И веллачул тIаьхьа говзанчаша динчу зераша гайтина цуьнан Iожалла кхачар бахьана дагца цхьа сакхт хилар дуй. Билгалдаьлла цунна лоьраша операци кхачо йоллуш, массо агIор талламаш а бина, кардиолагах а, педиатрх дага а бевлла, цара хIун боху а хьаьжжа, йина цахилар.

Цкъачунна ишта шеко ю талламхойн кIант кхалхар хьокъехь. Могушаллин министаралло цхьана а кепара хIума хааме доккхуш дац и бохам бахьнехь, ткъа юстицин министаралло гIардаккхарца ООО «Лоьрийн центр «Берс», Iедало бакъо а елла, болх бан йолаелла 2013 шеран ГIадужучу- баттахь дуьйна.

Лоьрашца йозаелла ишта цхьа бохаме меттиг нисьелча могIарерчу наха, билггал хилларг хIун ду а хууш, шаьш мел дуьхе кхуьуш бацахь а, кхоа ца бо лоьраш.

Уггар хьалха цара уьш нажжаз бо ахчане марзбелла бохуш. Цу могIарера хьажам болчех ву Шелан кIоштера гIеметта хIиттина бахархой Муса а, Бакар а.

Муса: «Наркоз-маркоз а ловр ю-яц хьовса ма безара уьш, шадерг ахчане дирзина ду хIара массанхьа а. Хьо мичча вахарх ахча дIадала деза. Ахь шен хенна йогIург дIакхачаяхь, лоьраш тIома бевлча санна маса лела хьан гIуллакхашка хьожуш. Мехкан куьйгалхочо лоьралла маьхаза ду боху баха-м. амма да-м дац»

Бакар: «Суна хетарехь оцу кIентан дас, нанас, хьалххехь ахча дIаделлехь, цара дан мел дезарг дина хир дара шен хеннахь. Операци а йина тергамзха витинчух тер аду-кх цара иза».

Цхьаболучара бахархоша лоьрашкара йовлу ледарлонаш говзалла цатоарца дузу. «Делахь а,- боху цара,- бан ма беззара, хьаннал болх бийраш а бац кIезиг».

Иштачех ю Шелан кIоштан Чирин-юьртара яхархо Рукъидат а.

Рукъидат: «Говзалла ерш ба-м бу, дукха бацахь а. Делахь а хьалхалерчуьнга хьаьжча, хIинца пIелгашца багарбан йиш йолуш хир бу, делахь а дехьа - сехьа ваьлча санна-м бац. Ша бан ма- беззара болх беш берш а бу, оцу соьме дог дохуш берш а бу.

Дера дика лоьраш а ма бу. Уьш алсам бу аьлла а хета суна-м. ХIинцца жимма хан яьлча махкара лоьралла хаъал лакхадер ду аьлла дегайовхо-м ю, Дала мукъалахь».

Билггал хилларг хIун-мила а ду ца хууш, оцу кIентан Iожалла бахьнехь, стоьла тIе буй бетташ санна, хадам боллуш къамелаш дар нийса ца хетачех ву, 30 шарахь гергга лоьралла лелош схьавогIу говзанча-терапевт Хизар. Цо ишта, оьзна-а довзийтира цу хьокъехь шена хетарг.

Хизар: «Бахьана, дан ма-деззара зераш ца дина хила а там бу. Операци операци ма юй пIелган маIар бен ца яккхахь а дIа. ЦIерачийн бехк хила а тарло, шен хенна лоьрашна тIе ца вигарна. Жима ву, воккха хилчахьана толур ву бохуш, вуьтуш меттиг а хуьлу. Лоьраша тIевола аьлча, ца воьдуш меттиг а хуьлу.

Цунна дан ма-дезза зераш цадарна цунна и хиллехь, тIаккха лоьрийн бехк хила а тарло. Вуьшта аллергически шок бохуш цхьа хIума ду, молханаш ца ловш. Иза хьалххехь хаа йиш йолуш хIума дац. И ца хууш хила тарло. Цу кIантана и мехий тоьхна а, хIума а ца хилча, и аллергически шок хила сахьт дац, талламаша гойтур ду».

Соьлж-ГIалахь дарбанан цIийнехь операци еш этIийначул тIаьхьа, ши-кхо сахьт даьлча I6 шо долу кIант кхалхар хьокъехь къамел динчу лор Хизарс, дуй а ца хууш цуьнца шеца цхьа айп-лазар хила а тарло боху ойла-хьажам а бу баха хьакъдолуш.

Стенна аьлча, могашаллин министаралло, масех шо хьалха, официалан Iорадаьхначу терахьашца Нохчийчохь дуьнентIе мел долучу берех 40% дегIаца цхьа сакхт-айп долуш дуьнентIе долуш ду.

Масала ишта зер-талламаш бина хIинцачул исс шо хьалха. Лоьрийн урхаллин хьостано чIагIдарца 2006 –чу шарахь махкахь дуьнентIе даьллачу 5 эзар берах 2 эзар сов цхьацца лазарш долуш хилла. И гIайгIане терахьаш хьесапе эцаро йойту ойланаш а яц дог делош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG