ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненахь, тоьллачарах хинйолу университет ян йолийна Нохчийчохь.


Нохчийчоь -- Нохчийн пачхьалкхан университет, Соьлж-ГIала. 02ГIад 2012.
Нохчийчоь -- Нохчийн пачхьалкхан университет, Соьлж-ГIала. 02ГIад 2012.

Нохчийчуьра Iедалша, рогIера йоккха проект йийра ю аьлла дIакхайкхина. Дуьненахь уггаре а тоьллачарна юккъехь хинйолу университет ян сацам бина меттигерачу Iедалша. Iарбойн эмираташкара инвесторийн ахчанах йийра йолуш ю иза. Ша мел волу хьехархо кхечу пачхьалкхашкара хира ву.

Соьлжа-ГIалахь и университет йина яла езаш ю 2017 шо чекхдалале. Кхиъ 5-6 шо даьлча, гарехь, цигахь дешначеран цIераш дуьненахь йохур ю, похIма долуш къона Iилманчаш бу бохуш. Шинарийн дийнахь и лаккхара доьшийла хинйолчу меттехь, леррина гулбеллера мехкан куьйгалхой а, эмираташкара инвесторийн компанийн векалш а.

Ала догIу, йохьанца дуьйна, чекхаяьллалца и дешаран комплекс хьалайийра ю EMAAR компанино, Дубайхь, кху дуьненахь уггаре а лекха цIа дина йолу. Цуьнан куьйгалхо Аль-Аббари Мухьаммад а вара веана.

Соьлжа-гIалара дуьненаюккъерачу университетехь деша хьов, хьехархочуьнна сийлахь хира ду бохуш тешна дуьйцу даржхоша. Дукхахболу хьехархой, Австралера а, Малайзера а бахко Iалашонехь ду. Иштта, Москохара а, кхечу яьккхийчу гIаланашкара а белхахой а хира бу. Цкъачуьнна, хууш дац, оцу доьшийлехь, хIун факультеташ хира ю. Билгала къаьстина дерг, ша мел йолу дешаран программа, дуьненахь тоьллачу университеташкахь санна хирг хилар. Муьлхачу а агIора, иштта университет еллар, дика хIума, кхаъ санна лору дукхачу эксперташа. Иза яр цхьаъ ду, цуьнах ма боллу пайда эцар, доьххьара нохчийн къоманна-важа ду, аьлла комментари йира Маршо радиога политолога Бено Шамала.

Бено: «Дика университет хуьлу, дешархошна деша дагадоуьйтуш. Дешар-коьрто паргIат болх бар ду. Цхьа а Iаткъам а боцуш, таIийна а доцуш хьекъал. Маьрша хилар. Иза хила езаш а ю. Ма дийцара иза хилахь, халкъана а, махкана а боккха кхаъ бу. Ялура юй аьлла хаьттича, суна хаарехь, дуьненахь гIарайоьвлачу лаккхарчу доьшийлашкахь, ондда болх бина массийта бIешарахь. Иза иштта хилахь, чIогIа дика ду. Зен-зулам хира дац вай халкъана».

ТIаьххьарчу шерашкахь, махкахь дIакхайкхина шортта проекташ ю. Царах дукха кхочуш хилла а яц. Оцу гIуллакхан тIехь лаьтташ, ша Iуналла а деш, республика куьйгалхо Кадыров Рамзан хилахь, цуьнах гIуллакх хира ду. Ткъа, ша белхан декхаршца, и гIуллакх дан дезачаьрна тIедиллиина бIаьрг-Iуналлера дIадалахь-хьалха санна хиларна кхерам бу, аьлла кхин дIа а дуьйцу политолога Бено Шамала.

Бено: «ЦIахь дукха хIума дIакхайкхина. Анонс йина дукха хIума ду. Амма, ша Рамзана чекхдаьккхинарг бен, дина хIума а дац. Цуо ша деш дерг чекхадолуш ду. Ткъа важа дерг, цхьанна тIе а тоьвжина деш дерг, кхочуш хилла суна хааделла дац. Иза а, урхаллийн таро олу менеджментехь, вай цIахь яц, таханлерачу денна».

Меттигера дешархой, ма йийцара дика а йолуш, оцу университете деша боьлхахь, кхана-лама царах, цIе яьххана говзанчаш хира бу аьлла дог тешна ву, ша, юккъараллийн хьелаш толлучу Iилманхо Бено Шамал. Къаьстина оцу Iилманехь къахьоьгурш кIезга бу вай, аьлла билгалдаьккхира цуо.

Бено: «Физика а, химия а, математика а Iилманехь, вай говзанчаша болуш бу, дуьненахь а Iилманчаша а, къовса а йиша йолуш.Адамийн Iилма дуй, адамех лаьцна дерг Iамош,оьрсийн маттахь обществознание а олу цуьнах, оцу тIехь болх беш болу нах бац вай. Цу хIуманна тIехь, боккха иэшам хилла вайна».

Массийта шо хьалха,Нохчйичуьра бIе сов жима стаг вахийтинера меттигерачу Iедалша, Германи а, Британи а лаккхарчу доьшийлашка. Тайп-тайпана говзаллаш Iамийна цIа бирзина уьш кху шарахь. Уьш хьегна бу, шайх, махкахь, пайда хиларе. Билгала хууш дац, амма, уьш а юккъеуозо мега ечу университетан балха. Ишттачарах ву Агаев Эльбрус цIе йолу жима стаг а. Хетарехь, боккха пайда хира бу, нагахь санна кхечу пачхьалкхашкара студенташ а, хьехархой а бахкахь, элира цуо.

Агаев: «И университет схьаеллар коьрта бахьан хета суна, вай махкахь кхиболу студенташ а, хьехархой а чубалор. Суна хетарехь, вай махкана чIогIа пайда хира бу, экономикан агIора а. Иза коьрта агIо ю аьлла хета суна и университет еллар».

Еш йолу Соьлжа-гIалара дуьненаюккъера университетехь цхьана доьшура ду 4 эзара студента. ЮккъераIойла а, кхачанан чоьнаш а, библиотека а, спорткомплекс хира ю цигахь. Иштта ян лерина ю, хьехархошна чохь Iан хIусамаш а. Тахана, Нохчийчохь лаккхара 4 доьшийла ю:Нохчийн пачхьалкха университет а, Соьлжа-гIалара хьехархойн институт а, Оьрсийчоьнан исламан университет а, Соьлжа-гIалана мехкдаьттан университет а. ТIаьххьарниг, ала догIу, Совета заманахь, шен тIегIанехь, пачхьалкхехь уггаре а тоьллачарах яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG