ТIекхочийла долу линкаш

Донбасс - Украина: тутмакхаш мукъабахар


Донбассерчу серапатисташний, Украинан эскаршний юкъахь лецнарш дIасахоьцу де дара еара. Твиттерехь президента Порошенко Петрос хаийтина, Луганскерчу оьрсийн сепаратисташа Iедалан 9 эскархо дIавеллийла. Киево царна дуьхьал дIавахийтина 11 сепаратист, хаамбо «Украинан бакъдерг» цIе йолчу газето.

Барам дIабаьхьна Украинан Iедалой, Донбассерчу гIаттамхоший Минскехь бинчу бертаца а догIуш. Украинан кхерамзаллин урхалло бахарехь, сепаратисташкахь вуьсуш ву кхин а 150 Iедалан эскархо.

XS
SM
MD
LG