ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца мега доьзалехь шолгIа бер кхолла


Китайн коммунистийн партино дIакхайкхийна «цхьана доьзалехь – цха бер» олуш хилла низам юхадоккху ша аьлла. Оцу низамо таро лур ю китайхошна доьзал цхьана берал а сов дебон. Синьхуа агенталло бахарехь, и сацам компартино шен пленумехь Пекинехь бина.

1978 шарахь юкъаяьккхинера Китайхь цхьаннал сов доьзалехь бер хилар доьхку политика. Бахархойн терахьаш тIех ца дестийта Iалашо яра сацаман.

Уггаре дукха адам деха меттиг ю Китай – 1 миллиард 370 миллион стаг веха цигахь тахана. Доьзалехь цхьа бер бен хила ца магадаро демографин дисбаланс эккхийтар ду низам юхадаккхаран коьрта бахьана.

XS
SM
MD
LG