ТIекхочийла долу линкаш

ТIемаша заьIапхойн могIарш кхиийначу Нохчийчуьрчу даиманенна а могуш боцчу нахера хьал а, уьш санна болчу Европерчу инвалидийн хьал а муха ду?

Ширчу дийцарехь дешархочо хоьтту шен хьехархочуьнга: «Алахьа соьга, Дала хIунда кхоьллина цомгуш а, заьIап а нах оццул дукха?» Хьехархочо жоп ло «Адамашлахь къинхетам ца байта».

Жоп нийса хета. ХIунда аьлча, муьххачу а цивилан пачхьалкхан Iедалан дикалла оцу махкахь бехачу бахархошна, къаьсттина заьIапхошна кхуллучу дахаран хьелашца юста еза, олуш ду.

Ткъа юй-те, масала, цхьатерра бакъонаш Германерчу а, Норвегерчу а, Оьрчийчурчу а заьIапхойн? Муьлххачо а эр ду «Яц!», яц и кхуьй а пачхьалкх заьIапхойх йолчу дуьненаюкъарчу конвенцина буха куьйгаш яздина йоллушехь.

Европехь денна го хIара сурт.

ГIудалкхчохь жима зуда ю автобусан социйлехь лаьтташ. СхьахIутту автобус. Некъахошна неIарш схьа а йоьллий, машенлелориг, маса охьаоьккхий, гIудалкхчуьрчу йоIана гIо дан, цунна лерина неI елла хьоду.

Оцу гIуллакхо йойу машенлелорхочуьнан а, дIасабоьлхучийн а хIоразза а, мел лахара а 2-3 минот. Ткъа тамаше хеталург кхин ду - пассажираша шайн меттиг автобус чохь дIа а лоций, суьртах кхеташ, яппарш ца еш, «со сиха ву (ю) дIаяхийтахь хIара машен» ца бохуш, собаре хилар.

Иштта сурт тамаше ду Оьрсийчуьра веанчунна, амма могIарера ду европахочунна.

ХIунда аьлча, заьIапхой царна го Европехь ког бакх-баьккхинчохь - урамашкахь, туьканашкахь, театршкахь, белхан офисашкахь. Церан хIора а хьашт кхочушдан кхоьллина пачхьалкхо ма-оьшшу хьелаш.

Социалан белхахоша гIодо заьIапхошна юьхьанца дуьйна а, гонахарчу хьолех уьш болийтархьама.

Леррина белхахой бу царна кхачанан сурсаташ, оьшу молханаш дIакхачош, гIо до яахIума ярехь, чоьнашкахь цIано латторехь , бедарш йиттарехь.

ЗаьIапхой бехачу цIачохь социалан а, медицинан а, психологин а белхахой бу зIаьIапхошна муьлххачу хенахь а гIо-накъосталла дан дIахIиттийна.

Туьканийн, цIенойн паркингашкахь заьIапхошна билгалъяьхна меттигаш ю машенаш дIахIиттон.

Нахана юкъахь дIатарбала аьттонаш ло заьIапхошна уьш кегий болчу хенахь дуьйна.

Германино, я Скандинаверчу муьлххачу а махко, масала, дозалла дан мегар ду оцу тIехь - иттанашкахь шен-шен башхаллаш йолуш йиллина школаш ю цигахь заьIапхошна.

ШолгIа гIулч йоккху цара лакхарчу доьшийле. Цигахь а дукха мехкаша яккхий таронаш ло заьIапхошна.

Дешаран шераш чекхдевлча, балха хIотта лаам хуьлу стеган. Ткъа стенга гIур ву шен дегI лелалуш а воцу заьIапхо?

Евоперчу массо а мехкаша кхоьллина царна лерина белхан меттигаш. Кхин хаарш доцуш, нуьйда тIетаIо бен хууш вацахь а стаг, карабо цунна балха дIатарвала меттиг.

Цул совнаха, муьлххачу а белхан офисе балха хIотта таро ю заьIапхочун. ХIора белхан хьукматехь 5 процент меттиг заьIапхошна йогIуш ю. Ткъа нагахь санна балха ца оьцуш, дуьхьало йой куьйгалхочо, иза декхарийлахь ву Iедало шена тоьхна гIуда охьадилла.

Евроньюс агенталло бечу хаамца, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен вердиктца заьIапхойн могIара баьхна, масала, сов берстина нах, церан дегIан йозалло царна шайн хааршка хьаьжжина къахьега новкъарло еш хилар чоьте а эцна.

И сацам тIеийцира I60 кийла волчу Данерчу вахархочо, ша берийн бешара болхбечуьра дIаваьккхича, дина арз юьхьар а эцна.

Берийн мачийн чимчаргIаш дехка охьа ца таIало, аьлла, ваьккхина хиллера иза администрацино балхара.

Статистийн терахьашца, Европехь сов берстина нах 23 процент бу зударшлахь, 20 - божаршлахь.

Самукъане, хIоранна а ша инвалид хилар дицдолуьйтуш, царна лерина барамаш латтабо Европехь. Масала, дахначу шарахь Нью-Йоркехь дIадаьхьира мода гайтаран кIира. Цигахь тоьллачу италахойн дизайнера Урзи Антониос ша дина деза духарш гайта, тIе а доьхна, подиуме баьхнера заьIапхой.

Цул совнаха, заьIапхойн хьелаш аттачу дохуш, кес-кеста арахоьцу царна цхьацца тайпа гIирсаш. Масала, Чехехь леррина машенаш ян йолийна гIудалкхаш чохь лелачу заьIап нахана. Машено царна аьтто ло, гIудалкхца чоьхьа а ваьлла, машен дIахахка. Иштта, когаюху мачаш а ю цара юкъайохуш, бIаьрса доцучарна когашца ма-оьшшу лела таро ло оцу мачаша.

Iамеркерчу Iилманчаша а кхуллу кест-кеста керла тамаше гIирс - бIаьрса доцучарна деша а, интернет лелон а аьтто бо цо, кхоьллина къорачу нахана вовшашна дуьйцург хазийта мобилан телефон а.

Дуьйцучун тоьшалла санна ду Маршо Радионе Бельгехь ехачу бIаьрсадоцчу Сатуева Кулсама дуьйцург. Иза йоккхае ша тахана шена кхаьчначу хьолаца цхьаьна Еврорперчу заьIапхойн декъашлахь йоцуш.

Сатуева: «Суна дуьххьара кхузахь I8 эзар евронна хIумнаш елира, масала, цхьа аппарат ю соьга деана кехат доьшуш, компьютеран программа ю ишта, цу тIе тосу ас шолгIа клавиатура, сацагучарна лерина ю иза. Сагучаьрга санна ешало цуьнца. Сахьт ду сан, ас нуьйда тIетаIийча, мел хан яьлла дуьйцу цо суна.

Кхузахь инвалидаш чохь Iаш ца хуьлу, цхьанакхетарш хуьлу тхан, са а гатлуш, чохь валлар ца хуьлу кхузахь. Хийла ойла йо ас кхузахь, ма чIогIа адамалла йолуш нах бу хIара европхой, олий».

http://www.radiomarsho.com/media/photogallery/27316272.html

Гуш ду, Европехь инвалидаш "юкъараллера алссам терго оьшу нах" бу, ткъа хуьлда иза Оьрсийчохь я Нохчийчохь - цигахь уьш "таронаш ледара ерш" бу.

Оьрсийчохь I3 миллион гергга инвалид ву тахана. Дела денна боьлху уьш шайх Iиттало халонаш ялхош.

Нохчийчуьрчу вахархочо Исраилов Бадруддис дийцира Маршо Радионе тахана Нохчийчохь ша а, ша санначара а хьоьгучу халонех лаьцна. Цо бахарехь, даккхий хIуманаш а ца оьшу нохчийн заьIапхошна.

Исраилов: «Инвалидана гуттар чохь воллуш, цуьнан цамгар чIагIло, аравала лаьа, гергарчу нахе ваха лаьа, хьошалгIа ваха лаьа, чу-ара вала аьтто ца хилча, гуттар хала ду.

Ишта а чевно Iовжийна волу заьIапхо, дуьненахь башха самукъадолуш а ма ваций иза. Мел шийла елахь а арахь, сан са декъало арахь, хIаваэхь. Вайн Нохчийчохь заьIапхошна жимма терго йича, тхан дахар самукъне хир дара".

http://www.radiomarsho.com/media/photogallery/27331691.html

Къамел динчу Кулсаме а, Бадруддига а ладоьгIча кхета хала дац, Оьрсийчуьрчу инвалидашна оьшург хIун ду. Дахаран хьелаш деккъа дIа низамаша шаьш ца тодо, оцу низакмаша гIодо уьш тодан. Уггар хьалха инвалидашна оьшу гонахарчу адамашкара йовхо, къинхетам.

XS
SM
MD
LG