ТIекхочийла долу линкаш

Шемара тIом сацон некъаш лоьху Венехь


17 мехкан дипломаташ, Европан Бертан векалш, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхой вовшахкхетта Венехь Шемара 5-гIачу шаре баьлла тIом сацон некъ лохуш. Барамехь бац оцу мехкан куьйгалхой а, я цигарчу Асад Башаран Iедалх летачу оппозицин векалш а. Амма дуьххьара кхайкхина Шемара хьал дийцаре дече ГIажарийчоь.

Цхьанакхетаре веъначу Iамеркан Штатийн пачхаьркхан секретара Керри Джона элира, тIом сацорехь «прогресс хиларе сатуьйсу вай, амма хала-м хир ду барт карон». Британин арахьарчу гIуллакхийн министра Хаммонд Филипа Венера дийцарш «лехаман тIегIанехь» хIоьттина барам бу, аьлла.

XS
SM
MD
LG