ТIекхочийла долу линкаш

Бозбуанчалла лелорна кхеле озийна Нохчийчохь


Кхелан сацамаш кхочушбойтучу урхаллера белхахо бозбуанчалла лелорна кхеле озийна Нохчийчохь. Талламчаша дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу цхьана вахархочуьнгара газах ахча хеннахь охьа ца дилларна гIуда даккха веъначу цо 30 эзар сом кхаъ эцна.

Газах ахча дIа цадаларна кхеле даьлла дов ша дерзор ду аьлла хилла хьаькамо, амма ца лардина ша делла дош. Оцу бахьаница ваьлла нахала а. Хаам бовзийтина Кхелан сацамаш кхочушбойтучу урхаллан векалша

XS
SM
MD
LG