ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьанатоьхначу Штатийн ницкъаш биссина Шема


Дуьххьара шен эскарш Шема хьажо сацамбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. ХIинццалц тIеман кеманаш бен дацара цига хьовсийна. Курдой доларарчу къилбаседанерчу цхьана къоштахь дIатарвийр ву 50 лерина кечвина ницкъахо.

Пентагонан векалша бахарехь, цара ДАIИШна дуьхьал тIом бан Iамор бу курдой. И интрукторийн дакъа Малхбале хьажорца Iамеркан Штаташа хуьйцуш нисло шайн тIеман стратеги. Кеманаша тохарш дар доцург, Iамеркан салтий хир бац Шемахь баьхнера хIинццалц президента Обама Барака.

Шемахь президентна Асад Башарна дуьхьал оппозици кеч ян а ца елла, иза вовшахтуху болх битира Iамерко хьалхо. ТIейогIучу хенахь Шема кхин а леррина ницкъаш хьовсо тарло Штаташа, боху Iамеркарчу тергамчаша. Бакъду, президента Обамас Конгрессца дага а ца волуш Шема дакъа хьажор ца тайнарш а бевлла – уьш кхоьру шайн пачхьалкх Малхъбалерчу тIемашна юкъаозаяларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG