ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Айдамиров Абузар. Вайн амалш


Айдамиров Абузар. Вайн амалш

Нохчийн къоман
ХXI-чу бIешарахь
тIейогIучу тIаьхьенна

Линкана тIе


1
Стаг цомгаш хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш а карадой, тӀаккха цунна дарбанаш леладо лоьраша.
ХӀокху тӀаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тӀехӀиттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехке до паччахьийн, коммунистийн а Ӏедалш.

ХӀаъ, хӀокху тӀаьххьарчу кхаа бӀе шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегар дуккха а бахьанаш, гӀалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал кхетам а цатоарна.

Керлачу бохамех, шен гӀалатех нохчийн къам лардалийта Ӏалашо йолуш язйи ас сайн исторически произведенеш: «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Кхолламан цхьаде», «Калугера йийсар», «Хронология истории Чечено-Ингушетии», газеташна тӀехь зорба тоьхна цхьамогӀа публицистически ста-тьяш — «Къоман яхь» /«Ленинан некъ», 6 сентябръ 1989 шо, №107/, «Люди, судъбы, нравы» /«Грозненский рабочий»,10 де-кабря 19 №283/, «Халкъан доъналлин хъоста»/ «Ленинан некъ», 11 апрелъ 1990 шо, № 44/, «Связъ времен»/ «Комсомолъ-ское племя», 26 июля, 2, 9 августа 1990 г. №30,31,32/, «Сихал-ла — бохаман накъост»/ «Даймохк», 26 февралъ 1992 шо, №39/, «Мехк-Кхиэл»/ «Даймохк», 24 апрелъ 1992 шо, №81, «Разум. должен восторжествоватъ»/ «Голос Чеченской Рес 31 декабря 1992 г., № 233, 12,13,15 января 1993 г., №1, 2, 3/, «Со дуъхъал ву нохчий тайпанашка бекъарна» /«Даймохк», 16 октябръ 1993 шо, №70/, «Я вижу очищение людей толъко в религии» /«Зори ислама», май 1994 г. №2/ и. дӀ. кх. а.

Олуш ду: «ДIадаханарг ца хиъча, таханлерниг а, кхана-лерниг а кхолла, диканиг лардан гIалатех лардала ца хаьа адамашна». Вайна вешан къоман истори кIорггера ца хаьа, ве-шан къоман дуккха а дика, оьзда гIиллакхаш дицдина вай, ваьш мосазза а дийлийтина гIалаташ юха-юха а дуьйлуьйту вай. ХIокху тӀаьххьарчу масех бIе шарахь нохчийн къоман барт хила ца буьтуш, цунна керла-керла бохамаш бохьуш цхьа вон, зуламе амалш ю вайн. Оцу амалийн бахьанаш дохку вайн къам мелла а кхечу къаьмнел кхетамна тIаьхьадисина хиларх.

Ас ишта аьлча, ма-моьттийла, вайн къам хьекъал доцуш, сонта ду, боху. Нохчийн къам хьекъале хиларан тоьшалла ду цунах дуьненна а бевзаш Iилманчаш, политикаш, пачхьалкхан, тI культуран деятельш бовлар.
Хьекъална а, кхетамна а юккъехь йоккха башхалла ю. КIорггера хьекъал а долуш, амма кхетам лахара болуш нах нис-ло, оцу шайн хьекъалх пайда а оьцуш, уьш Iилманан некъашца дуьне а, дахар а довза цагIортарна.

Масала, стаг мел хьекъале хиларх цунна бусалба динан кIоргенаш евзар яц, нагахь цо Iаьрбийн йоза-дешар, мотт а Iамийна, тIаккха КъорIан, жайнаш а ца дешча. Лор, инженер, архитектор, политикан, пачхьалкхан, тIеман деятель хир вац стагах нагахь цо оцу а, кхечу а говзал-лин Iилма ца Iамийча.
Вайн къам кхетамна тIаьхьадисаран цхьадолу бахьанаш цу-нах шех дозуш ца кхолладелла. Уьш кхоьллина паччахьан Iедало а, советски-коммунистически Iедалан харцонаша а, иза кхойтта ша-рахь махках даьккхина лелоро а. Уьш дерриг а дийца гIиртина со лакхахь ас йийцинчу сайн исторически произведенешкахь а, публицистически статьяшкахь а. Я нийсса аьлча, ваьшна и бохамаш хилийта вай дуккха а бахьанаш леладо, гIалаташ дуьйлуьйту. Шена кхетта цамгар нахана хиъча эхь ду моьттуш, иза къайлаяккха гIерташ, лоьрашна тIе ца воьдуш, дарбанаш ца лелош кIелбуьсуш а, леш а нах хуьлу. Амма стаг шен цамгар мел лечкъо гIертарх а, нахана хаьа, иза цомгаш вуйла. Ишттачу цомгашчу стагах тера ду нохчийн къам а.

Вайна ца лаьа вешан сакхташ, гIалаташ, къинош дийца, царах дIакъаста, цIандала гIорта. Даима вешан шеконе майраллаш, сиркхонаш, къинош а, гIалаташ а дIалечкъош, царех цIандала а ца гIерташ Iийча имане догIур дац, вайн къоман барт хир бац, вайн махкахь иман-беркат а хир дац, кхечу къаьмнашна хьалха вайн сий а хир дац. Шен гIалаташ дийца хала ду, амма
л. Хьалххе ала лаьа, хIокху къамелехь со нийса воцуш, гIалат вуьйлуш меттигаш а хуьлу. Амма шеко йоцуш цхьаннах тешалаш: хIокху къамелан хIора дош вайн къоме болчу сан даггара цIеначу безамо а, цунах дог; лазаро а кхоьллина хиларх.

Сабардахьара ахь
Embed

No media source currently available

0:00 0:02:34 0:00
Линкана тIе

Аьлча, оцу тIамо шина а агIорхьара адамаш дойу, эзарнаш шерашкахь къомо кхоьллинарг хIаллакдо. Кегийн бераш байлахь дуьту. Ярташ, гIаланаш йохайой, ягайой, адамаш эрна арахьдуьту. Уьш гуш дерш ду. Хенан йохалла бахамаш, ярташ, гIаланаш меттахIуьтту, кIентий белла бисина къена дай-наной дуьненара дIакхелха, байлахь дисина кегий бераш а кхуьу адамийн дегнашна тIера чевнаш а йоьрзу. Амма тIамо адамашна кхин зулам до, бIешерйн синкхетам, оьздангалла, къинхетам, иэс, Делах тешар, кхерар а доь, къизалла, ямартло, харцонаш кхул-лу. ХIетталц, зингат хьаьшна цуьнан са даккха а кхийрина стаг тIамехь адамаш дайа Iема.

Дуьххьара ша стаг вийча холча хIуттий набарза буьйсанаш йойу тIаккха шиъ-кхоъ, масех вийча оцу къизаллех, акхараллех вулу иза, цунна дош ца хета адам дер. ТIамо адамашка мацалла хIоттайо, ша а, шен доьзал а мацалла ца балийта, хIеттадц нех хIуманна тIе куьг ца кхов-дийна стаг къолана, талораш дан волало. Аьшпаш ботта, ямартлонаш, харцонаш лело Iема. Къоме беанчу бохамо зоь хIора а. Вукха агIор — ширделла дохийначу цIийнан херцорашна юкъгучудуьйлу боьханигаш, дехкий, шереш, кхийолу зене-зуламе боьха сагалматаш санна, хIетталц тийна-таьIна Iийна ямарт, стешха, сутара, къиза, оьзда доцу адамаш а гучудуьйл Къоме беанчу бохамах пайда а оьцуш, цара муьлххачу а хьарамчу некъашца шайна хьал IаIадо. Церан дог ца лозу шайн къомах, иза сийначу цIарах дагарх а шек ца бовлу.

Линкана тIе

ХVIII-чу бIешарахь, шарера пхеа шаре болуш, юкъа-юкъа, ткъа ХIХ-чу бIешарахь, 1816 шарера 1861 шаре кхаччалц хаддаза тIом лаьттина Нохчийчохь. ТIаккха, 1865, 1877-чуйшерашкахьпаччахьанIедалнадуьхьал гIаттамаш хилла кхузахь. Цул тIаьхьа къаьст-къаьстинчу наха а, кIеззигчу тобанаша а герзаца дуьхьалонаш йина паччахьан Iедална.

Кхеташ ду, оцу иттаннаш шерашкахь, нийсса аьлча -шина бIе шарахь нохчийн берийн деша аьтто цахилар. Даима а тIом, дойу адамаш, яго ярташ, мацалла, цамгарш, кхин а бIеннаш халонаш. Пхийтта шо кхаьчна божабераш герз карахь тIаме хIуьттура.

Цхьа гуттара а деша луу кIеззиг кегийрхой кхузарчу юьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешна бевлча, кхин дIа шайн хаарш лакхадаха ДегIастана деша боьлхура. Цундела, бац ала мегар долуш, кIезиг бара Iеламнах. XVII — ХIХ-чуй бIешерашкахь дегIастанхойн Iеламнах, математикаш, философаш, астрономаш а хилла генна ДегIастанан махкал арахьа а гIарабевлла бевзаш — Молла Мохьмад Голодинский, Дамадан Мугинский, Дауд Уси-шинский, Мохьмад Кудутлинский, Гасан Кудулинский, ИбрахIим Гитадлинский, Гасан Алкадари, Саид Кочхюрский, Мохьумад ЯрагIский, Джамалуддин Казикумухский, Iабдурахьман Акушин-ский, Саид Аксайский, Саид Арканский, и. дI. кх. а.

Петербургерчу университетехь хьехархой бара Казим-Бек, Iабдулла Омаров. www.zhaina.com Абузар Айдамиров Вайн Амалш Нахская Библиотека 4 Оцу цIераш яьхначу а, кхечу дуккха а дегIастанхойн Iеламнехан маттахь бусалба динах а, дуьненан Iилманах а язби-• на дуккха а белхаш ларбелла таханналц. ДегIастанарчу Iеламнаха масех бIе шо чулоцуш шайн яртийн, тайпанийн, тукхамийн а истореш язйина, тIаьхьа тIекхуьучара тIе а юзуш. Тахана а дика бевзаш бу XIX бIешарахьлера дегIастанхойн историкаш: Мохьу-мад Тахир аль-Карахи, Гаджи-Али Согратлинский, поэт Мохьу-мад-Бег Гергебильский кхин берш а. КIезиг бацара цигахь Iаьрбийн, туркойн, гIажарийн меттанаш кIорггера хууш Iеламнах.

Ялх томехь туркойн истори дуьххьара язйинарг суьйли ву. Лакхахь цIераш яьхначу дегIастанхойн Iеламнахаца вагар-ван, суна хууш, IПелара Соип-Молла хилла Нохчийчохь. Кхин а хилла хила а тарло, суна ца хууш, амма Соип-Молла воцчун цхьа-на а нохчийн Iеламнехан яздина жайна ца дисина. Ткъе итт шо хьалха суна хезнера, Ленинградерчу цхьана архивехь, Соип-Мол-лин куьйга язбина ши том философин болх бу, бохуш. ХIеттахь вайн Iилманчашка иза дийцира ас, амма цхьаммо а иза лехначух тера дац.

ХУШ-ХIХ-чуй бIешерашкахь нохчийн Iеламнах, Iилманчаш а ца-хиларан бахьана, нохчийн къам кхетамна тIаьхьадисина ба-хьана а даима Нохчийчохь лаьттина тIемаш бара, элира ас. Нагахь санна къам кхетамна тIаьхьадисаран бахьана тIемаш хил-лехь, и тIемаш а хуьлура нохчийн къам кхетамна тIаьхьадиси-на хилар бахьана долуш.

Нохчийн къомана и цхьаболу боха-маш хилла хир бацара, цуьнан кхетам лакхара хиллехьара, цуь-нан коьртехь бусалба динан а, дуьненан а Iилма хууш, хьекъале, оьзда, доьналле къонахий хиллехьара, уьш къобал беш, халкъ царна тIаьхьа хIуттуш хиллехьара.

Амма нохчий цкъа а Iилманна тIаьхьа ца бовлура, шайн истори хаа а, культура ларъ-ян а ца гIертара. Церан дахаран коьрта гIирс массо а заманахь герз дара. Пхийттара ваьлла кIант герз юкъах а доьхкий дIахIуттура, тIамца, къолашца, талорашца шен сонта майралла гайта гIертара.

Нохчийн халкъан иллешкахь буьйцу турпалхой дукхахберш къуй, талорхой бу. Теркал дехьара, Салойн аренаш-кара говрийн реманаш, даьхний лоьхкуш, гондIарчу къамнийн элий лечкъош йийсаре балош, банкаш, почташ талош, и. дI. кх. а.

Юккъехула аьлча, дуьненан массо а къоман, массо а заманахь къола дар эхь ду, сагIа дехар эхь дац. Нохчаша и шиъ нийсса бIостанехьа даьккхина леладо: къола дар эхь дац, сагIа дехар эхь ду. Мелхо а, и къуй, талорхой а иллешкахь хестабо нохчаша!

XS
SM
MD
LG