ТIекхочийла долу линкаш

Цхьана агIор Советан пачхьалкхехь лелла кхетам емал а беш, вукху агIор коммунисташа кхоьллина хилла идеологин институташ меттахIиттош ю Оьрсийчоь. Деношкахь президента Путин Владимира пачхьалкхехь дешархойн юкъара болам кхуллуш омра арахецна. ХIетахьлерчу пионерийн юкъаралла юхаденъяр ду иза аьлла хета цхьамогIа оьрсийн политикашна.

Путин Владимира куьйг яздинчу омрица а догIуш, кхIу деношкахь ишколашкахь «Оьрсийчоьнан дешархойн болам» цIе йолу берийн-кхиазхойн юкъараллаш йолалур ю болхбан.

Цуьнан хатI довзуьйтуш, хаамбина Iедалан хьукматаша, и керла дешархойн юкъаралла Советан пачхьалкхехь леллачу пионерийн боламийн кепехь хирг хиларх лаьцна.

ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь бечу балхана доккха гIо-накъосталла хир ду и тайпа юкъараллаш хIора а регионехь хилча, боху пачхьалкхан дайша.

Нохчийчохь 2009-чу шарахь кхоьллира Кадыров Ахьмадан цIарх «Къона кадыровцаш» аьлла цIе а тоьхна, берийн-кхиазхойн тобанаш, дуккхаъчу школашкахь юьхьанца жигара а хьийзира уьш.

ТIекхуьу кегийрхой юьхьанца дуьйнна оьздангаллица, мало йоцуш, къинхьегаме кхиор, къоман гIилакхашца, леларца, кхечу къаьмнашца бертахь хила Iамор лорура цара шайн коьрта Iалашонаш.

Цул совнаха школера урокаш дIаевллачул тIаьхьа, бераш эрна дуьйладелла ца лелийта, харцхьарачух уьш лардаран кепаш а лоьхура цара шайн кхетамехь.

Юкъаралан куьйгалхо Кадыров Рамзанан гIоьнча, Жумашев Аян ву.

«Къона кадыровцаш» юкъаралла кхоллаеллачу муьрехь шен жигаралла гойтуш хиллехь а, тIаьххьарчу заманахь мел а кIезиг хаалора царех дуьйцуш, республикерчу барамашках цара дакъалоцуш а.

Амма Нохчийн Республикин къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министраллин куьйгалле керла министр Умаров Жамболат веанчул тIаьхьа, цуьнан омрица юха а шаьш дуй хоуьйту «Къоначу кадыровцаша».

Юкъараллан декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь керлачу министро, шен коьрта Iалашо мехкан куьйгалхочунна ша муьтIахь хилар гайтаре терра, берашка кхайкхам а бинера: “Кадыров Ахьмада вайна болх бан, деша, Исламан баххаш, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ лардан маршо яккхарехьа шен дахар ца кхоийна.

Ткъа тахана, цуьнан гIуллакхаш дIакхоьхьаш ву цуьнан воI Кадыров Рамзан. Къона кадыровцаш, шун Iалашо ю вайн турпалхой биц ца бар, тIекхуьучу чкъурана вайн истори йовзитар.

Шу, къона делахь а, республикехь хиллачу хиламийн тешаш ду, цхьа хан яьлча, берашна, берийн берашна аш бовзуьйтур бу вайн турпалхой, цара дина гIуллакхаш дицдан вайн бакъо яц!”

Куьйгалхочо ша вазвеш, шен сий лакхадаккхархьама, цуьнан омрица кхоьллина ю «Къона кадыровцваш» болам бохуш, хIетахь цхьамогIа резабоцучийн аьзнаш хезара.

Москхохарчу «Комсомолан бакъдерг» («Комсомольская правда») газето комментарий йийхира Кадыров Рамзане. «Цкъа делахь, сан цIарх яц и юкъаралла, сан ден сий дарца кхоьллина ю. Бераш вон ца лелийта, дешарца церан кхиамаш хилийта, ишта ша тайпа стимул ю-кх и.

Хьалха пионерашна санна, логех галстукаш а йоьхку боху царна, суна ца хаьа, муьлхачу басахьуьш ю а, хIинцца дешаран, Iилманан министре тилпон тухур ю ас, хоттуш.

Цалалучара, мостагIаша дуьйцу, Рамзанан кхоьллина ю, бохуш. Сан лаамца кхоьллина а яц, сан кхин гIуллакхаш ду, баккхийчийн", аьлла, дерзийра Кадыров Рамзана юкъараллех шен къамел.

Ткъа тахана, Путин Владимира пачхьалкхехь дешархойн юкъара болам кхуллуш омра арахецар а кеп-кепара туьду дуккхаъчу политикаша а, тергамчаша а.

Федералан кегийрхойн агентствон куьйгалхо Поспелов Сергей, масала, чIогIа реза ву Оьрсийчохь кегийрхойн керла боламаш кхолларна, «Пачхьалкхо кхетош-кхион деза бераш, шайн хеттачу гурашкахь», аьлла дIахьедина цо.

Гоьвалла берийн яздархо ву Оьрсийчохь Успенский Эдуард. Иштта ю цо прессехь керлачу берийн боламах лаьцна йовзийтина ойла.

“Оьший вайна керла комсомол? Ца оьшу аьтехь а! Иза маьттаза болам бара, ша компарти а санна. Делахь а, цхьа берийн болам эша-м эшара! Кегийрхой вовшахтухуш, кхетамца кхиош, амма и тобанаш йоьлху-кх декъазчу политикана буха, царех "гитлерюргенд" хуьлу тIаккха.

“Дала сий дойла Путинан!” берашка а бахийта гIерта. Иза ду, кхин хIумма а дац”.

Иштта, я и санна бу зорбанехь хеза хьажам.

XS
SM
MD
LG