ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юккъерчу Азехь турне дIахьош ву Керри Джон


Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона баркалла аьлла Казахстанан президентана Назарбаев Нурсултанна, экстремизм цаяржийтарца доьзначу хаттаршкахула цхьаьна болх барна. Цунах лаьцна Керрис дIахьедар дина Астанахь шаьшшина цхьаьнакхетар долалуш.

Iамеркан пачхьалкхан секретар дагадовларш дIахьош ву шен Юккъерчу Азера турне дIахьош. Уьш доьзна ду экономикан хаттаршца. Казахстанехь яккхийн инвестицеш йина пачхьалкх ю Цхьаьнатоьхна Штаташ. ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь Iамеркин дипломатин куьйгалхо хилира ГIиргIизойчохь а, Узбекистанехь а.

Цигахь иза цхьаьнакхийтира Юккъерчу Азерчу пхеа пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министршца. Цу цхьаьнакхетарехь тIеийцира партнерийн Деклараци. Астанара дIа Туркмене а, Таджикистане а ваха дагахь ву Керри Джон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG